Маршо Радио медиа-корпорацин президента Кент Томаса комментари йина, Радион масех информацин проект Оьрсийчоьно "арахьарчу агентийн" статусе яккхарх.
Цо билгалдоккху, оцу сацамо Оьрсийчохь организацин балхана кхи а даккхий дозанаш детта магарх, амма цкъачунна кхачо йоллуш информаци хиндолчух цахиларх а.
"Оьрсийчуьрчу юстицин министраллан а, кхечу Iедалхойн а тхайн компанех хьакхалучу хаамашна терго латтор ю оха. Иштта хьалха санна тхайн журналистан болх дIабийр бу тхайн ладогIархошна а, ешархошна а бакъйолу, объективе информаци дIа а кхачош", - аьлла, тIетоьхна РСЕ/РС президенто.