ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь полисхоша ворхI стаг лаьцна латтош ву


Байначу беттан 21-22-чу а деношкахь Соьлж-ГIалин 7 вахархо лачкъийна вигина полисхоша, хаамбо "Мемориал" бакъонашларъярхойн центро. "Старопромыслан кIоштарчу Къоман Гвардин 3-чу ротано куп тоьхначу дозан тIехь латтош бу уьш, адамашна лерина доцчу хьелашкахь. Чохь йовхо а яц, я латтош юург-мерг я яц", - яздо организацин пресс-релизехь.

Иштта "Мемориало" дуьйцу, ницкъаллийн структурийн белхахоша тIедуьутш цахилар оцу декъа тIехь лецна латтош нах бу бохург, амма шайгарчу информацех ца тоьшийла ца хиларх.

Хаа аьтто хилла лецначарех кхачам боццу информаци хаа:

Дикаев Зелимхан, 32 шо, Соьлж-ГIаларчу Заводской кIоштан вахархо;

Олхазар, хила тарло иза Сулейманов (онкологин хирург), 32–33 шо;

Ахматов Хьусейн, Старопромыслан кIоштан вахархо, 25 шо;

Шадаев Шадид, Войково поселок, Соьлж-ГIала, 32 шо хила там болуш;

Зайнди (фамили къастош ю), Войково поселок, 32–35 шо хила тарло;

Мохьмад (фамили толлуш ю), Войковера, 32–35 шо долуш хила тарло.

Талламан Комитете а, Оьрсийчоьнан президентан цIарх бакъонаш ларъечу бакъонашларъярхочуьнга а информаци дIакхачор ю шаьш аьлла бакъонашларъярхоша.

Хьалхо Маршо Радионо а, "Кавказ.Реалии" хаамбинера, Лахьан-беттан 22-чу дийнахь Дикаев вехачу хIусамна чубевллачу Iаьржа тIеман барзакъ доьхначу, герзаца хиллачу наха Дикаев Зеламха дIавигина хиларх.

Дикаев лачкъош теш хилла цуьнан ваша. Цара кхерийна иза, шаьш дIадаххалц ара а ма вала, да-нана сама а ма даккха, аьлла. Герзаца хиллачу наха аьлла, шаьш Дикаев Соьлж-ГIаларчу «Север» батальоне дIавуьгуш ву.

Iуьранна да-нана гIоьртина шайн кIентан кхоллам къасто, амма кевнехь лаьттачу эпсаро аьлла, шаьш цхьа а стаг лаьцна вац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG