ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь юкъара цхьа диаспора кхолла лаам бу нохчийн


Европерчу пачхьалкхашкахь нохчийн диаспораш хIинца а кхоччуш цхьаьна а кхетта, шайн къомахчу нехан гIуллакхаш дIакхехьа Iемина яц, нохчий Малхбузе дIаиха буьйлабелла ткъех шо хан елахь а

ХIора пачхьалкхехь масийта юкъараллин жигархо я хьалханча хуьлу, ткъа и нах вовшашлахь ца тарлуш а, я вовше къобал ца беш нисло. Политикан я динан бахьанашца къам декъаделла хилар го цу кепара диаспорийн хьалхончашна тIехь а.

Цхьана пачхьалкхехь бехаш болу нохчий цхьана агIор гул а белла, цара шайн гIуллакхаш къастон а, шайн цIарах бистхила а нах я цхьа орган ца харжар юкъараллин кхетам хIинца а кхиина ца хиларца доьзна хила а мега.

Германехь, масала, нохчийн гIуллакхаш а, нохчийн диаспорица нислуш ю проблемаш а оьций доккхачу декъехь Берлинехь вехачу немцойн-кавказхойн доттагIаллин юкъараллин куьйгалхочунна тIе Маас Эккехардана тIе боьлху нах, шайна юккъехь шайн гIайгIа йийца цхьа кхерч а, цхьаьнакхетаралла а ца хиларна.

Австрехь Европера мехкаш схьаэцча уггаре а дукхах нохчий бехахь а, диаспора а, цуьнан урхалла а яц. Амма ю масех тоба, шай-шай диаспорин юкъара векалалла санна ган лууш.

Масех шо хьалха нохчийн-гIалгIайн Кхеташо аьлла тоба вовшахкхийтира Венехь, дуьххьара кхаж тассарца хаьржина нах цу тобане а гуллуш. Муха хоржу Кхеташонан декъашхой дийцира Маршо Радионе цу гуламан куьйгалхочо Мусалатов Шайхис: "Нохчийчуьрчу хIора а кIоштан цIарах а, ткъа иштта Дагестанерчу Хасав-юртан кIоштан а, ГIалгIайчоьнан а цIарахь кхоъ-виъ кандидат билгал а воккхий, юха царна кхаж тоссу, алсамох кхаьжнаш кхаьчнарг Кхеташонан декъа схьаоьцу. Иштта цу принципца хоржуш бу кхузахь оха тхайн декъашхой".

Францехь а ю дуккхаъ нохчийн тайп-тайпанчу тобанаша кхоьллина цхьаьнакхетараллаш, доккхачу декъехь яккхийчу гIаланашкахь кхоьллина ю уьш. Даханчу аьхка Ниццехь кхоллаелла ю Францерчу нохчийн, гIалгIайн диаспора цIе йолу цхьаьнакхетаралла.

Цуьнан куьйгалхочо Джамалдаев Зеламхас иштта дуьйцу шайн Iалашонех лаьцна: "Ассоациацеш а, тобанаш а дуккхаъ ю кху Францехь. Оха хIара Диаспора кхолларан Iалашо, делахь, тхоьга хIун накъосталла далур дара-те аьлла ю. Ах шарчохь цхьацца белхаш бан аьтто а хилла тхан.

Со ву хIара хIума долийнарг, цхьана шина шарахь хIара болх когаира а хIоттийна, кхуьнан куьйгалла къоман кара дIа а делла, со, сайн Дала аьтто бахь, дIа цIаверза дагахь ву. Харжамаш бина бац оха, амма кхузарчу наха белшашгIортош –м ю тхуна. ХьастагIа 340 куьгйоза гулдира оха, гIалин дайшкара тхайна чоь еха Iалашонца".

Францера диаспора цхьа тоба вовшах а кхетта кхоллаелла елахь а, амма кхаж тоссуш харжам а бина цу махкахь бехачу наха векал йина яц, дуккхаъчу кхечу пачхьалкхашкахь а, гIаланашкахь а санна юкъараллин цхьаьнакхераллин хьесапехь Iедалан хьукматехь регистраци а йина кхоьллина ю иза.

Цу юкъана, цхьана пачхьалкхехь цхьа юкъара диаспорин корта харжар хIинца а Iалашонаш а, лаамаш а хилла бисина бу Малхбузерчу нохчашлахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG