ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Думе буьтур бац "арахьара агенташ"


"Арахьарчу агентийн" статусе даьхна зорбанаш парламентан лахарчу палате чу ца буьтуш сацам тIеэцна пачхьалкхан Думно кхааридийнахь. 413 депутат реза хилла чу ца бита, цхьаъ дуьхьал ваьлла.

Iамеркан Конгрессехь RT аккредитацех яьккхича шаьш царна дуьхьал делла жоп лору Думано тIеэцна документ.

Хьалхо Оьрсийчоьнан юстицин министралло зорбане даьккхинера кхечу пачхьалкхашкара ахча оьцу аьлла, шаьш "арахьарчу агентийн" могIаршка хIиттийначу зорбанийн тептар.

Оцу могIаршкахь ю "Iамеркан Аз", "Маршо Радио" а, цуьнан минипроекташ "Фактограф", "Сибирь.Реалии", "Настоящее время" телеканал, гIезалойн-башкирин "Idel.Реалии", "Кавказ.Реалии", "Крым.Реалии".

Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь Оьрсийчохь арахьарчу пачхьалкхашкара ахча оьцу хаамийн гIирсаш "агенташ" лара магош низам тIеэцна.

Оьрсийчохь болх бечу кхечу пачхьалкхашкарчу хаамийн гIирсашна цхьацца бехкамаш беш низамехь хийцамаш бан сацам тIеийцира Оьрсийчохь, Москоха финансашца латточу Iамеркара RT телеканал Iамеркан Iедало "арахьарчу агентан" могIаре яьккхинчул тIаьхьа.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа жоп деллера, шайн пачхьалкхехь оьрсийн журналисташа бечу белхан а, Iамеркан жураналисташа Оьрсийчохь бечу белхан а билламаш къаьсташ хиларх.

Медиакорпорацин журналисташ Оьрсийчохь сийсазбо, царна тIелатарш до. Ткъа Раша Тудей телеканало Iамеркехь шайн информаци маьршша яржош йоллушехь, 2012-чу шарахь дуьйна Радио Маршонна Москохо дихкина ду эфираш дIаяхьа

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG