ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъян векал вина Нухажиев Нурди республикерчу прокуратуре а, "Роскомнадзоре" а дехар дан лерина ву, харц информаци яржо хаамийн ресурсаш дIакъовла аьлла. "Кавказан узел" агенталлан а, "Кавказ.Реалии" порталан а сайташ ю Нухажиевс блок тоха билгалъяьхнарш.

"Нохчийчоьнан юкъараллан-политикан системина дискредитаци ярхьама, инвесторийн махках тешам лахбархьама, авторитет а, имидж а йожош, бахархой карзахбохуш, вуон мел дерг тIетаьIIина даьржаш го тIаьххьарчу хенахь. Цунна дуьхьал цхьаъ ца дича дер дац", - аьлла Нухажиевс.

"Кавказ.Реалиин" журналисташа хаьттира Нухажиевга, мичара хаьа цунна, хаамийн гIирсашкахь Нохчийчохь къайлах лечкъочу нахах а, кхечу бакъонаш хьоьшучу меттигех а дуьйцург бакъ доцийла.

ХIора юьртахь, гIалахь юкъараллан кхеташонаш ю, тешаман телефонан зIе а ю болх беш аьлла хилла цо.

"Цабевзачу нехан цIарх хIунда бо аш хаамаш? ГIело шайна тIехь латтош хилча, прокуратуре орца стенна ца доьху цара? Я аш шаьш гулйина материалаш ницкъаллийн структурашка дIа хIунда ца кхачайо", - хаьттинера омбудсмено.

Нухажиевна хетарехь, хаамийн гIирсаша "адамийн вовшашка гамо кхуллу" Iедале а, бакъонашларъярхошка а болу тешам бойу,

"ХIа, аш Iораяьккхи информаци – хилин цунах гIо? Хьанна тIехIитти шу? Дахначу кIиранах ас низамаца а доцуш лаьцна 3 стаг кIелхьараваьккхина", - аьлла бакъонашларъярхочо.

Церан цIераш хаьттича, омбудсмено шен гIуллакх дац церан цIераш шуна йовзийта аьлла, зIе хадийнера, хан яц шен аьлла.

Байначу баттахь шуьйрра интервью еллера Нухажиевс "Кавказ.Реалии" портална. Маршо Радионо гоч а йира иза шен агIон тIехь.

Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъярца хьал тоьллачех ду аьллера цо хIетахь а.

XS
SM
MD
LG