ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Олимпиадехь салазаш хохкур яц нохчаша


Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалшна цатайна, шайн спортхой Олимпиаде цабитар.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана гайтина, ша Оьрсийчоьнан губернаторех тоьлла ньюсмейкер вуйла. ХIинца цо шена хетарг аьлла Дуьненаюккъерачу Олимпикан комитето Оьрсийчоьнан спортхой Iаьнан Олимпиаде кхочуьйтур бац аьлла, бинчу сацамна.

Малхбалено шалхе а, питане а йолу шен йоьхь гайтина. Оьрсийчоьнан байракхах уьш оццул ийзалуш хилча, спортхойх мел кхоьруш хир бу уьш, аьлла дIахьедар дина цо Телеграммерчу шен агIон тIехь.

Iаьнан спорт Нохчийчохь яцахь а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо даим а санна Оьрсийчоьнан патриотан дIахьедар дина. Амма ца кхеташ дуьсу Iаьнан спорт йоцучу нохчийн спортхой муха узу цу юккъе.

Нохчийчуьрчу спортан говзанчаша шайх хьакхалуш и гIуллакх дацахь а, тергонехь латтош ду и хьал. Халахетарца билгалдоккху спортан лоьро Юсупов Руслана, спортхоша бина кечамаш а, хьегна къа а эрна дарна.

Церан бехк ца хета цунна цIийца магийна доцу молханаш карийча. Дуккха а нах бу царна гонах лелаш, аьлла дийцира цо: "Халахета, бераш къа а хегна, кечам а бина хилар. Цаьрга и молханаш малийтинарш а хир бу, лаахь а, ца лаахь а толам баккха бохурш. Ас къобал деш хIума дац иза. Ас цкъа а цхьанге ца малийтина и молханаш. ТIаьхьа церан могашалла хIаллакх йо цу допинго. Уьш ца бахийтар суна дика-м ца хета. Ас бохуьйтур бара, политика спорта юккъе а ца ийзош".

Нохчийчохь Iаьнан спорт яьржина яц, ша гу тIера салазаш хахкар дацахь, аьлла кхин дIа а дийцира спортан лоьро Юсупов Руслана: "Суна хууш Iаьнан спорт вайн яц. Хоккей-м ю, амма уьш кегий бу хIинца а. Сноуборд хоьхкурш а бу, амма федераци яллал хIума дац. Йиишин кIант вара Тырныаузехь сноуборд хохкуш. Со вахнера кхузара спорткомитете. Цара а терго ца йира. Москохахь йишин йоI ю биатлонехь. Дика когасалазаш а хохкуш, нийса топ а тухуш. Нохчийн йоIан хIума дац иза, аьлла сацийна цIахь иза а. Ло диллича, гунаш тIера салазаш вайн цIахь хьоьхкийла-м хаа суна".

Хиллачу спортхочунна, Ичкерин Олимпикан комитетан хиллачу куьйгалхочо Бадалов Русланна дика девзаш хьал ду хIоьттинарг. Мел дац бахахь а, политика юкъа ца хьакхалуш ца хуьлу спортанана, амма цхьана Оьрсийчоьнан спортхой юкъара баьхна Iаш бац элира цо.

"Пачхьалкхна а, бахархошна а кхочуш ду иза. Шаьш спортхошна а, тренершна а, гергарчу нахана а кхочу. Оьрсийчохь хилла а ца Iаш, дерриге дуьненахь а дIахьош ма бу и болх. И сацамаш хуьлуш лаьтташ бу".

Допинг лелийна боцучу Оьрсийчуьрчу спортхошна магийна ду Iаьнан Олимпиадехь дакъалаца. Амма дихкина царна, шайн пачхьалкхан байракх айа. Ткъа, шен агIор, Кадыровс дош делла, байракх а ца айъечу спортан къийсадаларшкахь Нохчийчура цхьана спортхочо дакъалоцур дац, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG