ТIекхочийла долу линкаш

Москалькова: Европан комитетан делегацина Нохчийчохь зуламаш дина ца хааделла


Нохчийчу бахначу къизаллашна дуьхьало латточу Европан комитетан делегацин декъашхошна бух болуш ца карийна, махкахь кхел йоцу нах байина бохуш, хаамийн гIирсашкахь яржийна информаци аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонаш ларъечу Москалькова Татьянас.

"Кхузахь соьца цхьанакхетар хилла Европан комитетан куьйгалхочун. Цул тIаьхьа ваханера иза Нохчийчу. Шен белхан накъосташца хилла иза лаьцна латтош нах бу бохучу полисхойн дакъошкахь. Бакъ ца карийна царна йина кхел йоцуш нах байина бохург а", - даладо "Интерфаксо" Москалькован дешнаш.

Маршо Радионо хаамбинера, Нохчийчохь къизаллашна дуьхьало латточу Европан комитетан делегацин декъашхоша талламаш дIахьош бу, республикехь адамийн бакъонаш ларъярца долчу хьолах.

"Новая газетано" яздарехь, бакъонашларъярхоша дIакхачийна Комитете бехк боцуш лецна латточарех информаци.

XS
SM
MD
LG