ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: Тхо салтий ду, президентна дика хуур ду Олимпиадех дерг


Къилба Корейн културан, спортан, туризман министраллана новкъадеана Оьрсийчоьнан тоба Пхенчхане Iаьнан спортан ловзаршка Олимпиаде ца йитина, хаамбо ТАСС агенталло.

"ХIинццалц хиллачу Олимпиадашкахь лаккхара жамIаш гайтинчу, Пхенчханерчу Олимпиадан кхиамашка доккха дакъа кхачон долчу Оьрсийчуьрчу дуккхаъчу спортхошка сатесна ду Корейн Iедал", - аьлла ду церан дIахьедар.

Антидопинган низамаш Оьрсийчоьно дохорна, Дуьненаюкъара олимпикан комитето (МОК) санкцеш дуьхьаляха сацам тIеэцарна а дагахьбаллам бисина Корейн куьйгаллина.

Кхааридийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Влдаимира пурба делла шайн спортхошна Олимпиадехь дакъалаца нейтралан байракхца. Iедало лаамболчарна дуьхьало йийр яц аьлла президенто.

Шинаридийнахь МОК-а Оьрсийчуьра вовшахтоьхна спортан тобан 2018-чу шеран Олимпиаде ца йитина. Iедало допингаца лелийначу махинацешна юкъара шаьш доцийла хоуьйтуш, тоьшаллаш далийначийн аьтто хир бу Олимпиадехь дакъалаца. Амма оьрсийн байракх айа дихкина царна а.

Маршо Радионо яздира, оцу хьокъехь Кадыров Рамзана шен Телеграм-каналехь яздинчух. Пхенчханехь хинйолчу Олимпиаде Оьрсийчоьнан тоба цайитар, "спортхойн сацам бац, тIингарш охкийначу хьаькамийн ямартло ю" аьлла, яздинера Кадыров Рамзана.

"Шен шалхалло, стешхалло, хIилланнаша эрчаяьккхина юьхь юха а гайтина Малхбузено", - яздо Кадыровс.

Мехкан куьйгалхочун дIахьедарх комментари йина РБК агенталле республикан зорбан министро Умаров Джамбулата.

"Кадыров Рамзанан ойла цкъа а хир яц Оьрсийчоьнан президентачуьнца бIостане. Муьлхха а Путинан дIахьедар оха низам санна тIеоьцур ду. Цундела Кадыровс йовзийтианрг шен вахархочун санна позици ю.

МОК-ан сацам ца тайна цунна, массо а Оьрсийчоьнан бахархошна а санна. Оха дийцарш дийр дац Путина тIеэцначу сацамна гонах. Тхо салтий ду. Президентна дика хаьа", - аьлла Умаров Джамбулата.

Ткъа Кадыров Рамзана, нохчийн цхьа а спортхо Олимпикан ловзаршкахь шайн йоцчу байракхна кIел хIуьттур бац аьлла.

"Олимпиаде бахийта кечбина нохчийн спортсменаш оха толамхой санна базбийр бу цIахь", - аьлла, тIе а тухуш.

КарадогIучу шарахь дIахьочу Iаьнан Олимпиаде вахийта цхьа а спортхо ца карийна РБК агенталлана. Спортан министран гIовсан Махтамерзаев Султанан дала жоп ца хилла, муьлха спортсмен ву Пхенчхане вахийта хьакъ аьлла деллачу хаттарна.

"Сан хIинцца дала жоп дац. Оьрсийчоьнан вовшахтоьхначу тобан тептар хIотториш тхо дац. Наггахь нисло Олимпикан ловзаршка воьдург тIаьххьарчу деношкахь билгалволуш а", - аьлла Махтамерзаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG