ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламчийн зерашца, уггар а лахара алапаш оьцу Къилбаседа Кавказехь


"РИА Рейтинг" агенталло билгалъяьхна уггар а лахара белхан алапаш оьцу регионаш. Уггар лакхара алапа оьцу Ямало-Ненецкан автономан округан а, Чукоткан, Москохан бахархоша.

Уггар лахара барам бу Дагестанехь а, Кхарачойн-Чергазийчохь а.

Талламаш бечу хенахь, статисташа проценташкахь тидаме эцна беттачохь 100 эзар а, 10 эзар сом а оьцурш.

Ма-дарра аьлча, Оьрсийчоьнан бахархошлахь 100 эзар сом алапа оьцу 4, 1 проценто.

Ямало-Ненецком округехь 24% бахархоша оьцу изза алапа. Москох 17 проценто, Петарбухахь 8 проценто, Дагестанехь 0, 48 %, Нохчийчохь 0, 59 процент.

10 эзар сом ца кхоччуш алапа оьцурш бу Москох 1, 5 процент, ткъа Алтайхь 25 процент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG