ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь гейшна тIехь къизалла латтош хилар таллар тIедожийна Москальковас Бастрыкинна


Нохчийчохь гейшна тIехь Iазап латтош хиларх Лапунов Максима дийциначунна гонах бехктакхаман гIуллакх айдарна талламхой дуьхьал хиларан хьокъехь кехат дахьийтина Оьрсийчоьнан президентехула бакъонаш ларъечу Москалькова Татьянас Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре.

"ГIуллакх таллар дукха дIадахдина, суна хетарехь. Бехкзуламан гIуллакх айдеш ду я дац", - аьлла, бакъонашларъярхочун дешнаш даладо "Новости" агенталло. Москальковас бахарехь, Лапуновс гIуллакх айдаллал информаци кхачийна цуьнга.

Лапунов ша йолчу веанера, шина сахьтехь гергга дерриг дийцина шега аьлла цо.

Хьалхо Омскерчу вахархочо Лапуновс дIакхайкхийнера, нохчийн набахтехь шен бIаьргашна гина хиларх, гейшна тIехь латто къизаллаш.

Омбудсменна хетарехь, талламхоша жигаралла ца гойту гIуллакх талларехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG