ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан муфтий дуьхьал ву Израилан шахьар Иерусалим ярна


Гергарчу Малхбалехь машаран бух хIаллак ца байта кхайкхина Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахаьа массо а динан векалшка Инстаграмерчу агIон тIехь.

"Йозуш йоцу пачхьалкх Израило ша ю бахахь а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа финансашца а, тIеман гIирсаца латточу цунах Iамеркан пачхьалкх- саттелит хилла, Регионехь церан интересаш хьалха а яьхна.

1967-чу шарахь "6 дийнахь тIом" боьдучу хенахь санна, керлачу гуоца халкъана тIехь ницкъаллаш лело бакъо лур ю Израилна. Iаткъам бар, дозанаш шордар лакха а доккхуш, зарратан пачхьалкх ю ша аьлла дIакхайкхо а там бу, ша ларъярхьама", - яздина муфтийс.

Израилан коьрта шахьар Иерусалим бохуш, чIагIдечу Iамеркан аьшпех цкъа а тешар бац бусулбанаш, аьлла Межиевс.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда кхааридийнахь Израилан коьрта шахьар Иерусалим ю аьлла дIакхайкхина. Тел-Авивера Iамеркан векалт а цига дIахьур ю аьлла, тIе а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG