ТIекхочийла долу линкаш

КарадогIучу шеран Чиллан-беттан 12-чу дийне кхаччалц чохь вита хан дIаяхйина Кадыров Рамзанан Украинехь хиллачу векалан Цицулаев Рамзанан Москохарчу Пресненскан кхело. Кхелан пресс-секретара Черников Алексейс бина и хаам кхааридийнахь ТАСС агенталле.

Черниковс бахарехь, бутт хьалха шина артиклца бехк кховдийна Цицулаевга официалехь: Iедалан белхахошна дуьхьал ницкъбар а, хьарамлонаш лелор а.

Маршо Радионо яздира шен сайтехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Украинехь векал лаьттина Цицулаев Рамзан сацийна Брянск кIоштахь аьлла, Росбалтан хаамшан тIе а тевжина.

Курхаллаш лелийна аьлла бехкевина лехамашкахь вара иза.

XS
SM
MD
LG