ТIекхочийла долу линкаш

"Мемориал" бакъонашларъярхойн кхеташонан куьйгалхочо Орлов Олега жоп делла Нохчийчуьрчу омбудсмена Нухажиев Нурдис дIакхайкхийначу претензешна.

"Адамаш вовшашца эгIабо" журналисташа а, бакъонашларъярхоша а, иштта, Iедале тешам бойу, амма шайга кхочучу информацица ца бо латкъам ницкъаллийн структурашка аьлла Нухажиевс.

Соьлж-ГIалахь вайначу ворхIаннах дийцича, боху Орловс, цаьрца волчу Дикаев Зеламхех дIахаийтина ду полисхошка.

"Висинчу ялханнах а оха Iорабаьккхина хаам ма барра. Кхеташ хила деза, Нохчийчохь бахархой кхоьруш хилар журналисташка арз деш, шайн цIераш ма ярра яха. Ткъа Талламан комитете я мехкан прокуратуре бовла муххале а кхоьру.

Зорбанаша яржайо церан цIераш, оцу сохьта полисхой боьлху церан гергарчаьрга, кхерамаш тийса. Масала, Москалькова Нохчийчу йогIучу хенахь, адамна дихкина дара аьрзнаш дан, дош алахь, шаьш хIаллакхдийр ду а бохуш", - дуьйцу Орлов Олега.

Иштта бакъонашларъярхочо карладаьккхина, 2016-чу шеран Iай дуьйнна карарчу шаре кхаччалц вайначу 27 стеган хьокъехь бехкзуламан гIуллакх айдина цахилар хIинца а. "Новая газетан" журналисташа а, "Мемориалан" бакъонашларъярхоша йоллу информаци дIакхачийнашшехь.

"Лелочу зуламийн декъашхой а хилла Iа ца лаьа тхуна. Тхо тапъаьлла ахь, зуламаш совцор дац. Ситуацина тIе тидам а озош, оха тхешан декхар кхочушдо. Ткъа Нухажиевн коьрта Iалашо – цхьа стаг, Кадыров Рамзан ларвар а, Iедалан зуламаш хьулдар а ю", аьлла Орлов Олега.

Маршо Радионо кхааридийнахь яздира, Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъян векал вина Нухажиев Нурди республикерчу прокуратуре а, "Роскомнадзоре" а дехар дан лерина хиларх, харц информаци яржон хаамийн ресурсаш дIакъовла аьлла. "Кавказан узел" агенталлан а, "Кавказ.Реалии" порталан а сайташ ю Нухажиевс блок тоха билгалъяьхнарш.

"Нохчийчоьнан юкъараллан-политикан системина дискредитаци ярхьама, инвесторийн махках тешам лахбархьама, авторитет а, имидж а йожош, бахархой карзахбохуш, вуон мел дерг тIетаьIIина даьржаш го тIаьххьарчу хенахь. Цунна дуьхьал цхьаъ ца дича дер дац", - аьллера Нухажиевс.

XS
SM
MD
LG