Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Иерусалим Израилан коьрта шахьар лара аьлла дIакхайкхор бахьанца, Иерусалимехь палестинхоша Iамеркан сацамна дуьхьал хилар гойтуш демонстрацеш йолийна.
БIаьргаш Iовжон газ а, хIоьанаш а, гIовгIане гранаташ а кхийсина полицино адам къахкош. Иштта вовшахтийсадаларш хилла Хевронехь а, Вифлеемехь а, кхечу Малхбузерчу Иордан хийистерчу гIаланашкахь а. Израило кхи а ницкъаш тIеоьзна цига.
Еарин Iуьйранна забастовка кхайкхийна палестинхоша. Къевлина ю дуккха а школаш а, туьканаш а. ХАМАС радикалан тобан лидеро Хания Исмаила цхьабоса гIовтта аьлла , кхайкхамбина палестинхошка. ПIераскан де "оккупацина дуьхьал гIовттаран де" аьлла, дIакхайкхийна цо.
Президента Трамп Доналда еаридийнахь Тел-Авивера Iамеркан векалт Иерусалиме дехьаяккха аьлла омра дина.
Кхаа шарерра деа шаре гергга дIаяхлур ю и процедура. Iарбойн пачхьалкхийн лидерша а шаьш резадоцийла дIахаийтина Трампан сацамна.
ПIераскандийнахь ООН-ан кхерамзаллан Кхеташоно цIеххьана вовшахтоьхначу кхеташонехь йийцарейийр ю Iамеркан Иерусалимах позици.