ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан бакъонашларъярхоша Москалькован дIахьедар бакъ ца дина


Нохчийчуьрчу набахтешкара хьал талла бахначу къизаллашна дуьхьало латточу Европан комитетна Нохчийчохь кхел йоцуш нах байина бохург бух болуш ца карийна аьлла, хаамашкахь Оьрсийчоьнан президентехула адаминй бакъонаш ларъечу Москалькова Татьянас даржор бакъ ца дина Европерчу бакъонашларъярхоша..

"Новая газетано" йоцца гочйина комитетан пресс-релиз:

"Визит йоьрзучу хенахь, даим санна, делегацино дийцаредира Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан лакхарчу даржхошца цхьаьна, шаьш бинчу белхан жамIаш. Оцу кхеташонехь хила векал йинера Оьрсийчоьнан Iедалша Москалькова Татьяна а.

Цул тIаьхьа оьрсийн хаамашкахь даьржира, Комитетан делегацина Нохчийчохь кхел йоцуш нах хIаллакбина бохург бакъ ца карийна аьлла, Москальковас дина дIахьедар. Оцу дIахьедарша тилаво, Комитетан белхан жамIаш цуьнан дIахьедаро гойтуш ду аьлла хета мегар дац".

Байначу беттан 28-чу дийнахь дуьйна оршотдийне кхаччалц Европан Комитето теллина Нохчийчуьра набахтеш. Иштта хилла уьш Устрада-ГIалин, Шелан, Мескер-Юьртан полисхойн дакъошкахь.

Хьалхо Москальковас дIакхайкхийнера, Нохчийчохь къайлах латтош набахтеш а ю, цигахь нахана тIехь латтайо къизаллаш аьлла, хаамийн гIирсашкахь яьржина информаци, Европан бакъонашларъярхошна бакъ ца карийна алла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG