ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн эшаршлакхархо Батаева Аза Иракъехь йийна. Цуьнан гергарчу наха Маршо Радионе бинчу хаамашца, цигахь дийна иштта цуьнан хIусамда а, Аза лаха цунна тIаьхьа яхана хилла цуьнан йиша а.

Батаева Аза ДаIиш тобанах дIакхетта ши шо гергга хан яра. Иза шен хIусамдеца цкъа хьалха Туркойчу а кхаьчна, цигара кхин дIа Шема яханера. Даханчу шеран Охан- баттахь цо интернетехь яржийра, ша ДаIиш тобанехь хиларх дуьйцу видео.

Цу тIехь никъабца юхь къевлинчу йоIа нохчийн маттахь дийцира, зудчо лело дезачу духарх а, Iеламнах муха хила беза а. Батаевас шен ший паспорт этIош а гайтира цу клипехь, иишта Иракъерчу Мосул гIалахь герзашца машенаца дIасалелаш а гайтира.

Aза Батаева 1983-чу шарахь йина яра. Москохахь Николаев Юрийн исбаьхьаллин школа чекхъяккхинчул тIаьхьа AZA цIарца концерташкахь дакъалоцуш яра иза.


XS
SM
MD
LG