ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь талорш дарна лаьцна нохчийн жимстаг


Австрерчу Кернтенерчу полисхойн леринчу тобано лаьцна веа стагах лаьтта кегирхойн тоба. 19 шо долу цхьа нохчо а, 15 шарера 18 шераш кхаччалц хенаш йолу кхо австрихо а декъах волу и тоба бехке еш ю, метиггерчу бахархойн петаршкахь къоланаш дарна а, цу петарийн долахошна ницкъ барна а.

Кернтен гIаларчу полицин векало Маршо Радион корреспонденте бинчу хаамца, и кегийнах масийтаза тайп-тайпана талорш дарехь Iедална гучубийлина а, полицино тидаме эцна а хилла.

Карарчу хенахь уьш лацаран бахьана ду, масех кIира хьалха цара Клагенфурт гIалахь цхьана 18 шо долчу меттигерчу вахархочуна къиза таIзарш а деш, цуьнан петарера хIумнаш а, ахча а лачкъийна хилар. Цул совнаха, полисхоша лору, цара оццу муьрехь цхьана кхечу 28 шо долчу меттигерчу вахархочунна а къола дина аьлла.

Iедалхошна чIагIдарехь, тобан куьйгаллехь хилларг нохчо ву. Цара шайн закъалташна къиза ницкъ бина хиларна, тобан декъашхой кхераме а лерина, уьш лаца полицин Кобра олу лерина ницкъаш хьажийнера.

Лецначийн петаршкахь цара лечкъийна хIумнаш карийна, полицино дийцарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG