ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТНТ телеканало къинтерабаьхна оьгIазбахана гIалгIай


Comedy Woman, скриншот.
Comedy Woman, скриншот.

Социлан жоьпалла лахар долу, вуьшта аьлча, боьха лелар долу, "ГIалгIайчуьра зуда" ю аьлла рол юкъахь а йолуш, Comedy Woman тобано хIоттийна сурт гайтина ТНТ телеканало. Амма дукха нах эргIадбахарна и видео дIаяьккхина телеканало шен сайта тIера, шаьш цхьанна халахетийта лууш дацара аьлла, хаам бо vistanews.ru сайто.

Актрисо Скулкина Екатеринас ша а дехна шен инстаграмехь хьовсархошка шена къинтIера бовлар. Амма цунах тоам ца хилла нахана.

Comedy Woman тобанна сценареш язйечу нахана юкъахь бу ХIирийчуьра бахархой, цундела леррина гIалгIай сийсаз бан дина хIума ду иза аьлла хетта гIалгIашна а, нохчашна а, кхин болчу нахана а.

ТНТ телекомпанин администрацин декъашхой хIинца кхеташо дIаяхьа дагахь бу, кхин дIа хIун дан деза къастош вовшашца дагабовлар Iалашонца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG