ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президенте Путине гечдар доьхур ду Карауловас


Караулова Варвара суьдехь. Архивера сурт.
Караулова Варвара суьдехь. Архивера сурт.

Москох пачхьалкхан университетан хиллачу студенто Караулова Варварас шена гечдар доьхур ду Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире. Цунах лаьцна хаам бина цуьнан адвокато Бадамшин Сергейс.

Караулова набахтехь хан токхуш ю, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета гIортарна. Цуьнан адвокато дийцарехь, жимачу зудчо дехар дина Оьрсийчуьрчу омбудсмене Москалькова Татьяне, гечдар деха оьшуш долу кехаташ кечдеш гIо дахьара шена аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG