ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газ иккхина 5 адам дагийна Нохчийчохь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Бохам хилла Нохчийчохь Гуьмсан-кIоштарчу Лакхарчу Нойбоьрахь. Газ иккхина деш долчу тIекIалдинчу цIа чохь. Лазийна 5 стаг, царах кхоъ бер ду.

ТАСС агенталло бинчу хаамца, газ иккхинчул тIаьхьа цIе ца яларна дийна бисина цу чохь хилларш. Болчу хаамца, ягийна цхьа зуда вочу хьолехь ю. Кхин цхьа зуда а, кхо бер а мелла а гIоле ду. Берш багийнарш дIабигна Соьлж-ГIаларчу медицинан центре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG