ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эшаршлакхархо Батаева Аза кхин дIа а лоьхур ю нохчийн полисхоша


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Шемарчу тIемалойх дIакхетта хила мега аьлла, лехаме елла йолу эшаршлакхарахо Батаева Аза кхин дIа а лоьхур ю Нохчийчуьрчу полицин белхахоша, хаам бо «Кавказский узело». Сайто дийцарехь, Нохчийчуьрчу талламхошна цкъачунна тоьшаллаш ца карийна иза, гергарчара ма диццара, кхелхина хиларан.

Маршо Радионо дийцина ма хиллара, Батаева Аза ДАIИШ тобанах дIакхетта ши шо гергга хан яра. Иза шен хIусамдеца цкъа хьалха Туркойчу а кхаьчна, цигара кхин дIа Шема яханера. Даханчу шеран Охан-баттахь Батаевас интернетехь яржийра, ша ДАIИШ тобанехь хиларх лаьцна дуьйцу видео.

Цу тIехь никъабца юхь къевлинчу йоIа нохчийн маттахь дийцира, зудчо лело дезачу духарх а, Iеламнах муха хила беза а. Батаевас шен ший паспорт этIош а гайтира цу клипехь, иишта Иракъерчу Мосул гIалахь герзашца машенаца дIасалелаш а гайтира.

Aза Батаева 1983-чу шарахь йина яра. Москохахь Николаев Юрийн исбаьхьаллин школа чекхъяккхинчул тIаьхьа AZA цIарца концерташкахь дакъалоцуш яра иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG