ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЙогIур юй-те Iедало вай къинтIера дохуш зама?..


"Илсхан- юрт еза юрт а ю, къинтIера довлар доьху ледарло ялийтарна…"

Социалан машанехь яржийначу видеоролик тIехь оцу дешнашца шайна гечдар доьху Шелковскерчу кегийчу наха Гуьмса кIоштарчу Илсхан-юьртарчу бахархошка.

Вийча саг а вуьтучу заманчохь, гечдар дехча а ца буьтуш, видео тIехь гуш ду, майоран чинехь волчу полисхочо Мехтиханов Бек-Мохьмад ву ша аьллачу кIантана етташ.

Телевизионе а балош, тайпа-тукхамах мел волу жима а, воккха а дIа а хIоттавой, махкара Iедалхой тIе а чийхаш, юьхьIаьржа хIиттош меттигаш дуккха а нисъелла Нохчийчохь, къаьсттина кху тIаьххьарчу хенахь.

Республикан Iедалехь болчарех я царна гергарчу, деза хетачух ахь совнах дош алахь, оцу сохьта караво хьо Фейсбукехь, Ватсапехь, Инстаграмехь а-м хIунда дуьйцура, ур-атталла, хуьлийла хьо Африкехь я Космосехь.

БIаьрган негIар тоххал хан ца оьшу само латточу полисхошна хьуна тIекхача, хьоьгара жоп деха, хьо кагван.

Масане хилла хIара тайпа экзекуцеш. Ламаст хилла дIахIоьттина даьлла и тайпанаш.

Чиллан-баттахь Москохарчу равиино Гольдшмидт Пинхаса Кадыров Рамзане шегга дийхира шена гечдар, Iамеркан президенто Трамп Доналда антимигрантийн арахецначу низамах шена хетарг алар дара цунна дуьхьал даьккхинарг.

"99 процент террорхой бусулбанаш бу" аьлла, дIакхайкхийнера цо хIетахь "Новости" агенталлана интервью луш.

И дов доьрзушшехь, "Кавказ.Реалии" портало шен сайтехь шуьйрра яздира, Нохчийчуьрчу Давыденко эвлара Занзулаева Марет ялорах барт-хаттам бан.

Давыденко эвлахь керла динчу цIенойх Iедало ял ялар тIедожийча, юьртахой дуьхьалбевллера. Цул тIаьхьа баьхкинчу полисхоша йиттинера бахархошна, цара дийцарехь, 100 шаре яьлла йоккха стаг а ца кхоош.

Цхьахволу полисхо вуьйцуш, цо аьллера "стеран санна ворта а йолуш вара иза". Парламентан спикеро Даудов Мохьмада шена тIе а ялаяйтина, "къурд" бахийтира зудчуьнга.

"Кавказан узел" агенталлан хаамашца, байначу баттахь наркотикаш лелийна, къаьркъанаш муьйлу аьлла, лаьцначу Теркйистерчу стеган зудчун Нуралиева Миланин а дийзира къам а, "паччахь" а къинтIера ваккха.

Полисхоша харцо лелийна шен цIийндеца аьлла, иза лаьцначу шолгIачу дийнахь кхайкхам бинера ватсапехула Кадыровга, гIо доьхуш.

ГIо кхечира цунна шолгIачу дийннехь. Шен цIийнда психотропан молханаш моьлуш а ву, ша хьалхо мел дийцинарг, цхьа а бакъ дацара аьлла, мехкан куьйгалхочуьнга шена бехк ца биллар дийхира цо.

Кху беттан 3-чохь социалан машанан "ВКонтактерчу" агIон тIехь Князев Алексей псевдоним лелочу кIанта, хIунда ца мега гIалгIайн, нохчийн мехкаршна оьрсийн кегийчу нахаца гергарлонаш лело, аьлла, хIоттийначу хаттарна бухахь иккхинера доккха дов.

Исламан динехь цхьадолу ламасташ тишделла, вай керлачу заманахь дехаш ду, цхьаннан а бакъо яц адамийн маршонаш хьеша бохуш, чIагIдечу кIанта дуккха а кавказхой баьхна хилллера шена дуьхьал.

Цара кхерамаш тийсира оьрсийн кIантана. КIира даьллачу хенахь Князевс доьшучу университете а богIий, хIара юьстах а воккхий, леташ, маьттаза бага а лееш, нуьцкъаша даьккхира цуьнгара "къинтIера довла…" вайнаха.

И инцидент йирзина а ялале, Шелковскан а, Илсхан – юьртан а конфликт иккхина. Материал кечъеш, Маршо Радино зIе лехира Нохчийчуьрчу президентехула адамийн бакъонаш ларъян векал винчу Нухажиев Нурдица.

Кеп-кепарчу барамашкахь дакъалаца Москох вахана ву иза, тIедогIучу кIиранах бен хир вац балхахь аьлла, жоп делира омбудсменан пресс-секретаро.

Иштта офисан кхечу белхахошка хаьттича а, хиллачух дийца стаг а ца карийра тхуна.

"Тхоьга оцу хьокъехь кхаьчна арз дац я гина видео а яц, тIаккха хIун дуьйцур ду вай" аьлла, жоп хазийра тхуна Нохчийчоьнан омбудсменан офисера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG