ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Телефонехула къамел дина Трампа а, Путина а


Архивера (цхьаьнатоьхна кечдина) сурт.
Архивера (цхьаьнатоьхна кечдина) сурт.

Iамеркан президенто Трамп Доналда а, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а еарин сарахь телефонехула къамел дина. Кремлан зорбанан сервисо бинчу хаамца, шина президенто дийцаре дира шина пачхьалкхан юкъаметтигашца доьзна хаттарш, къаьсттина Къилбаседа Корейн зарратан проблемана тIе тидам а бохуьйтуш.

Къайн ЦIийно динчу дIахьедарца, президенто Трампа баркалла элира Путинна, цо шен зорбанан конференцехь динчу къамелехь билгалдаккхарна Цхьаьнатоьхначу Штаташа кху тIаьхьарчу шарахь экномикехь кхиамаш бахар.

Шина пезиденташа иштта дийцира Къилбаседа Корейн проблема дIаяьккха гIерташ шина пачхьалкхо къахьоьгуш хилар, хаам бина КIайн ЦIийно.

Трампан а, Путинан а телефонехула къамел хилира Оьрсийчоьнан президенто шарахь цкъа луш йолу "йоккха пресс-конференци" дIайирзинчул тIаьхьа дукхаханялале. Цу конференцехь Путина лаккхара мах хадийра Трамп Доналда президентан даржехь баьхначу кхиамийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG