ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

 Kepler-90 седана гонаха 8-гIа планета карийна астрономашна


НАСА -- Экзопланетана тIехь хила мега сурт.
НАСА -- Экзопланетана тIехь хила мега сурт.

Kepler-90 олучу седанан системана юкъахь борхIалгIа планета карийна астрономашна. ХIинца Малхан система ша цхьаъ яц, гонаха 8 планета йолуш. И планета гучуяьккхина Google-о кечйинчу технологица.

ХIинццалц Малхан система ша-башха ларара Iилманчаша, планетийн терахь 8 хиларца. Kepler-90 седан система дуьххьарлера система ю 8 планета хиларца евзаш йолучерах. Цу борхIалгIачу планета тIехь дахар хир ду аьлла, ца хета Iилманчашна. Цигахь хIаваан температура ю 400 сов градус.

Амма Kepler-90 седана уггаре гена йолу планета ю Малхана Латта санна генахь хьийзаш. Цу тIехь садолу хIуманаш хила тарло аьлла хета астрономин говзанчашна.

Kepler олучу космосан телескопана карийна 3 эзар гергга экзопланета – вайн Дуьне Малхана гонах санна шайн седарчашна гонаха хьийзаш ю уьш.

Kepler-90i олу керла планета ю Латтана генахь ши эзар ах эзар (2,5) серлонан шо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG