ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суьдо колонехь даккха 8 шо хан тоьхна Улюкаевна


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан экономика кхиаран министр хиллач Улюкаев Алексей кхелехь, Москох, ГIура-бутт 15, 2017
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан экономика кхиаран министр хиллач Улюкаев Алексей кхелехь, Москох, ГIура-бутт 15, 2017

Оьрсийчоьнан экономика кхиаран министр хиллачу Улюкаев Алексейна колонехь даккха 8 шо хан тоьхна Москох Замоскворецкин кIоштан кхело. И хан луьрчу хьелашкахь йоккхур ю цо. Улюкаев бехке вина 2 миллион доллар барамехь кхаъ эцарна.

«Роснефть» компанин куьйгалхочо Сечин Игоргара даьккхина хилла боху талламхоша Улюкаевс 2 миллион оллар. Талламхоша чIагIдарехь, леррина кечбинчу тоьрмига чохь хилла кхаъ.

Улюкаевс тIе ца лаьцна ша бехке хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG