ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох ши нохчо лаьцна полицино а, ФСБ-но а


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Полицин а, ФСБ-н а белхахоша Нохчийчуьра веана ши стаг лаьцна Москох, хаам бо "Москва" агенталло.

Цу шинна бехке дуьллуш ду Москох малхбузехь Iуьллучу "Звездочка" махбаран центрехь Тольяттера веанчу жимачу стагана тIелатар дар.

Агенталло дийцарехь, цу шимма урс тухур ду аьлла кхера а вина, етта а йиттина 25 шо долчу цу стагера схьадаьккхина 170 000 сом.

ГIура-беттан 13-чу дийнахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а, ФСБ-н а, СОБР-ан а белхахоша лаьцна Нохчийчуьра веана ши стаг. "Москох" агентало яздарехь, и шиъ къера хилла зулам дарна.

Шина нохчочун дуьхьал схьадилина бехктакхаман гIуллакх – талор дар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG