ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паращук Джоанна: Шемара уьдуш бу ДаIишхой


Шемарчу хьолана а, цигарчу жихIадхошна а тIехь терго латточу Маршо Радион корреспонденто Паращук Джоаннас Твиттерехь яздина, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошлара оьрсийн меттан векалш уьдуш бу Шемара Мисара аьлла.

"Синай – керла Шема ю? Тоьшаллаш ду оьрсийн маттахь къамел ден тобанхой Раккера ара а бевлла, Мисара дIабахана аьлла", - яздо социалан машанахь Паращука.

Синайн ахгIайри тIе дехьабуьйлуш бу уьш, цигахь ду церан цхьа дакъа аьлла хаамбина журналисто.

Тоьшалла далош сурт ду Паращука зорбане диллина, Мисарахь даьккхина ду аьлла. Немцойн маттахь цхьана цIийнан пена тIе яздина ду "Нохчийчоьнал а дукха".

И сурт даийтинчу хьостан хаамашна тIе тевжаш ю Паращук.

Цо бахарехь, Мисара оьрсийн маттахь къамел дийраш бу Шемара дIаоьхурш.

"Тоьшаллаш ду Раккера джихIадхой ара а бевлла, хIинца Мисарахь хиларан. Смартфонех ловзуш Iаш бу уьш. Масех джихIадхочо "Синайн вилаятехь" джихIад долор ду шаьш аьлла".

Иштта корреспондентан хьостано бахарехь, "мухIажирша" йитина "Исламан пачхьалкх" а, Ракка а шаьш эшна дела

Иштта бахьанаш далош, цо элира вовшашлахь а, идеологин а конфликташ а латтар а, юьхьанца дийцинарг а бакъ ца хилар а, организацин дуьхьа шайн синош дIадалар маьIне цахетар а, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG