ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбургехь эрмалочо вийна ГIалгIайчуьра мухIажир


Францера Страсбург гIалахь эрмалочо тIехьашха урс диттина вийна цигахь вехаш волу гIалгIайн жима стаг Хашиев Берд. Куьг бехке волу эрмало карарчу хенахь Францин полицино лаьцна набахтехь валлош ву. Хашиев Бердан бевза-безачеран хаамца, хьалххехь дуьйна шен цуьнца хиллачу цабезаман ачон бахьанца, трамвай тIера охьавуссуш лар а вина, тIехьашха тешнабехкаца урс диттина цунна эрмалочо.

Урс синметте кхетта хиларна волчеран цхьаъ бен воцу жима стаг кхелхина. Хашиев веран бахьанаш толлуш ду полицино.

ГIалгIайчоьнан вахархо Хашиев Берд шина беран да вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG