ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Доза доцу репортераш": Кху шарахь 65 журналист вийна


Кху карарчу шарахь 65 журналист вийна дуьненчохь. "Доза доцу репортераш" организацино бина и хаам. Царех 26 кхелхина шайн белхан декхарш кхочушдечу заманчохь, кеманца бомбанаш тухучу хенахь я лаьттара герз кхетта, я террорхойн-Iожалхойн карах.

30 журналист вийна, церан хаамаша политикан, экономикан я кхечу зуламхойн интересашна новкъарло ярца. Стохкалерчу шераца дуьстича кху шарахь 18 проценте охьадаьлла байинчийн терахь.

Репортрешаа билгалдаккхарехь, тIаьххьарчу 14 шарахь уггар а Iожалле шо лара мегар ду 2017-гIа шо профессионале болчу журналисташна.

Кху шарахь Iожаллин терахь лахдаларан бахьанаш кхетадо репортераша, тIех сов шайн дахарна кхераме йолчу пачхьалкхашкара журналисташ уьдуш хиларца. Масала. Шемара, Иракъера, Йеменера, Ливира.

ТIаьххьарчу 6 шерачохь уггар а кхераме ю журналисташна Шема. Цигахь вийнарг ву 12 репортер ву. Мексикехь 11 журналист вийна.

ТIемаш ца лаьттачу пачхьалкхех уггар а зуламе журналисташна Мексика лору. Цу махкара политикан коррупци а, зуламаш дар а далхочу журналисташна денна тIелатарш до, кхерамаш туьйсу, байа а бойу.

ТIемаш лаьттачех кхераме лоруш ю ОвхIанистан а. Цигахь кху шарахь 9 меттигера журналист вийна.

Мосулехь вийраа курдийн журналист Хаддал Бахтияр а, кхи а шиъ кхечу пачхьалкхашкара журналист а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG