"Нохчийчоьнан лакхарчу кхело хазахетарца цецъяьккхина со. Старопромыслан кIоштарчу шина вахархочун Тарамовн а, Тазбиевн а хьокъехь ас чуделла апелляцин арз теллинчул тIаьхьа, 3 шаре охьаялийна тоьхна хан. Виват Нохчийчоьнан Лакхара кхел!", - яздина шина кIентан адвокато Ахмадова Хьавас шен Фейсбукерчу агIон тIехь.
Гезгамашин-баттахь Маршо Радионо яздира, кхело сацам бина хиларх Соьлж-ГIалана гергарчу Турбинерчу бахархошна 21 шо долчу Тарамов Мохьмадна а, 18 шо долчу Тазбиев Джамалайлина а пхиппа шераш набахтехь даккха хенаш тохарх. Цу шиннан адвокат Ахмадова Хьавас дагахь яра цу сацамна латкъам бан.
Ишта, Шемарчу ДаIишхойн тобанех дIакхета лаам хилла аьлла, бехкевинчу Турбинерчу шина вахархочун адвоката Ахмадова Хьавас кехат дIакхачийнера мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, цушиннан гIуллакх шен куьйгакIелэцар доьхуш.
Адвокатан хаамашца, 5 шарера 3 шаре охьаяьхна Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело шина кIантана тоьхна хенаш.