ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьне дуьзна мухIажирша


Дуьненчохь хьалха цкъа а ца хиллачу кепара дукха мигранташ бу карарчу хенахь. 250 бIе миллион стагал сов даьлла церан терахь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллин социалан хеттарех йолчу хьукмато мигрантийн денна лерина зорбане яьккхинчу рапортехь билгалдаьккхина ма-хиллара, и терахь рекорде лекха хиларал сов, 2000-гIа шо долалуш, аьлча а, нийса 17 шо хьалха хиллачул шозза лакхадаьлла.

Доккхачу декъехь лакхара индустриала кхиамаш болу пачхьалкхенаш хоржу мигранташа шайн керла дахар долон меттигаш санна. Царна юккъехь ю Германи а, Цхьаьнатоьхна Штаташ а, амма иштта СаIудийн Iарба а, Оьрсийчоь а.

Уггаре а дукха мигранташ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь беха – доллучу дуьненчурчу мигрантийн 19 процент цу цхьаьна махкахь ю. Иштта дукха бу мигранташ СаIудийн Iарбийчохь а – цига белхаш бан а, ахча даккха а оьхурш луларчу къечу Iарбойн мехкашкара нах бу.

Оьрсийчохь болу мигранташ доккхачу декъехь цхьана хенахь Советан пачхьалкхенна юккъе йогIуш хиллачу Юкъерчу Азерчу мехкашкара гастарбайтерш бу.

И лакхахь хьахийнарш къастон догIу тIаьхьарчу шерашкахь Европе схьаихначу мухIажарех. ХIунда аьлча, мухIажарш тIамех а, баланех а бевдда бу, ткъа мигранташ гIолехьа долу Iер-дахаран хьелаш лохуш а, экономикан бахьанашца а махках бовлуш ларалуш бу. И ши категори дуьненаюкъарчу бакъонехь а вовшех къастийна ю.

Венерчу университетехь миграцин а, глобализацин а орамаш толлуш волчу профессор Зоммерсдорфер Томаса дийцарехь, классикан миграцин сибат хьалха хиллачух тера дац карарчу хенахь, хIунда аьлча дукхах болу вайн заманахьлера мигранташ, мухIажарш санна, бусалбачу пачхьалкхашкара орамаш долуш бу аьлла, дийца долийра цо: "Мигранташ доккхачу декъехь бусалба мехкашкара бу. Пачхьалкхийн хьалха санна хIинца а бакъо ю, шаьш шайн дозанна тIехь баха а, болх бан а бакъо хьанна ло бохург.

Амма керлачу дуьненаюкъарчу адамийн бакъонаш ларъяран низамашца шайна луъ-луъурш хержар а, шайна луъ-луъучарна и бакъо ца ялар а холчу даьлла ду царна.

Глобализаци цхьа бахьана ду цу шуьйрачу миграцин. Амма иштта геополитикан хийцамаш а бу, уггаре а хьалха Гергарчу а, Юккъерчу а Малхбалехь. Кхо интервенци а ю, тIаьхьарчу шерашкахь Малхбузено цигахь йина хилла йолу. И кхо а, сан кхетамца, вуно маьттаза а яра".

Малхбузехь бехачу нохчех доккхах долу дакъа мухIажарийн категорина юккъе доьдуш делахь а, кIеззиг бац цигахь иштта белхан мигранташ санна баха хевшинарш а. Къаьстина Малхбалерчу Европехь дукха бу белхан визанашца баьхкина, цигахь орамаш хецна беха нохчий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG