ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мотт бовр бац цунах дог лозуш нах мел бу


Тахана довш долчу меттанийн тIегIа тIехь лаьтташ болу вайн ненан мотт ларбар вайн къоман декхар ду. Дийнахь сарралца ишколехь кхечу къоман мотт буьйцучу Европера вайнеха берашна шайн ненан маттаца йолу уьйр латтор уггар хьалха берийн дайшна наношна тIехь ду.

Мотт дIабаьлча къам а дIадолуш хиларх кхеташ долчу дайша-наноша шайн чохь берашка ненан мотт буьйцуьйту. Амма кIезга бац вайн нахана юккъехь шайн чохь бераша кхечу къоман мотт бийцар иштта хила дезаш санна хеташберш а.

Делахь а, дегайовхо латтайо Европехь берашна ненан мотт Iамош, дукха яцахь а, меттигаш хиларо а, ненан мотт ца байта къахьоьгуш нах хиларо а, цу хьокъехь юккъейовлуш керла проекташ хиларо а.

Бераллехь хезнарг - тIулга тIеяздина йоза ду, аьлла кица ду вайн къоман. Ткъа вайн берийн иэсан тIулга тIе нохчийн маттахь йоза яздеш Европехь къахьоьгучарна юккъехь ву нохчийн яздархо Эльсанов Ислам а. Шеца зIене яьллачу Маршо-Радиога иштта дийцира Ислама дукха хенахь дуьйна ша ненан мотт хьоьхуш беш болчу балхах а, цуьнан башхаллех а: "Ас нохчийн мотт Норвеге веъна ах шо даьлча хьеха болийна, 2002-чу шарахь дуьйна. Коьрта хало хIун ю аьлча, берашна дукха хьолахь ца лаьа, дайша-наноша тIетеIош дахийта дезаш хуьлу деша. Нохчийн ненан мотт шайн берашна хьеха безаш хиларна ойла тIе ца кхиар а ю.

Царна шаьш чохь кIезга-мезга мотт бийцича тоьуш ду моьтту. Амма нахана юккъехь беро мотт буьйцуш ца хуьлу, я кIезга буьйцуш хуьлу, я кхечу меттан дешнашца бен бийцалуш ца хуьлу."

Даймахкана гена хиларца йоьзна йолчу халонех йоккхачех цхьаъ ю Европехь ненан мотт Iамон оьшуш долу жайнаш цахилар. Ишттачу хьолехь ша хIун до а, стенах пайдаоьцу а дийцира.

"Цкъа цхьана тобана нохчийн мотт хьоьхучу хенахь абатан ксерокопи яккха дийзира сан. Цхьа копи а яцара иза, итт копи яра ас яьккхинарг. ТIаккха берашна и дIаелча а, тоам хуьлуш реза а ца хуьлу уьш цунна. Книгаш оьшу чIогIа. Исбаьхьаллин литературо, берийн книгаша чIогIа гIо до нохчийн матта тIехь.

И книгаш цахилар бахьна долуш тIаьхьадуьсу берийн мотт кхиар. Йоьшучу тексташа кхиабо мотт. Боккъала а доккха хIума ду иштта книгаш вайна кхачийча, хIусамашкахь хилча. ЧIогIа гIо до "СтелаIад" журналан номерша а..."

Масех шо ду берашна мотт хьоьхуш къахьоьгуш волу кху шарахь Австрера "Салсабил" ассоциацин куьйгалхо хIоьттина волу Домашев Расул а. Нохчийн мотт денбарехь керла проект ю цо юккъеяккха лерина. Эльсанов Ислама хьахийна йолу мотт Iамон жайнаш цахиларан хало а ю цуьнан проекто тидаме эцна.

Хьехархо лахарна тIера берашна оьшу литература латторна тIекхаччалца шуьйра ю цуьнан Iалашо.

Салсабил хIинца вайн нехан гIуллакхна тIехь само а еш, хIинца вайн маттана само ян езаш хиларна тIекхаьчна, аьлла дийцира Домашев Расула ша динчу къамелехь:" Вайн ният, вайн тIекхуьуш долчу чкъурана вайга АллахI-Дала кхачийтина долу аманат - вайн мотт царга дIабалар ду: ненан маттахь еша а, яздан а, дIадуьйцучух кхетор а, схьабийца а Iамор. И бух биллинчул тIаьхьа, ницкъ кхочучу барамехь, совдовла а хьовсур ду вай. И Iалашо вайна хIунда оьшу? Кхечу къоман маттахь вешан къоман башхаллаш царна дIаялалур яц вайга. Вайн маттахь бен тIекхуьучу чкъурана вайга гIиллакх-гIуллакх Iамалур дац, яхь-юхь боху хIума а хьехалур дац, къонахалла а, доьналла а... "

Муха хир бу "Салсабил" ассоциацино ненан мотт денбарехь беш болу болх дуьйцу Страсбургера цуьнан куьйгалхочо Байсуев Хьамзата: "Салсабил ассоциацино кесталгIа дIакхайкха лерина ю "Ненан мотт" олуш йолу проект.

Цу проекто чулоцуш нохчийн а, гIалгIайн а меттанаш ду.

ХIокху проектан Iалашо ю хIора пачхьалкхера ненан маттана са а гатдеш, къоьхьоьгуш болчарна, я лууш болчарна хьехархо лаца везахь а, я хьехархочунна алапа хIоттон дезахь а, я доьшуш долчу берашна типографин жайнаш дезахь а царна гIо дар. Иштта кхиндIа оьшуш долу хьашташ царна латтон дагахь а ду вай. Амма цара Салсабиле ала деза шайна оьшург, оха и гIуллакх толлур ду.

Цу проектана билгалдаьккхина кийча ахча дац, цундела тхо цу тIехь болх беш ду, и проект дIакхайкхош а ду. Шайн маттана сагатдеш болчара гIо-накъосталла лаьцча, кIеззиг бен ца лацахь а, цу сагIанах оха бюджет а йина, и проект дIаяхьа лерина ду вай, Дала мукъ лахь."

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG