ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо шо долу йоI Соьлж-ГIала кхачийна Иракъера


Да-нана делла йисина, Иракъехь карийна кхо шо долу йрI кхааридийнахь кеманца Соьлж-ГIала а кхачийна, шайн гергарчарех дIатоьхна. Оьрсийчоьнан бахархойх Иракъехь керла тоба хааелла Гергарчу Малхбалехь а, Къилба Африкехь а Кадыров Рамзанан векал волчу Сабсаби Зиядна аьлла, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмерчу шен агIон тIехь бинчу хаамех яздира Маршо Радионо.

28 берца 13 зуда карийнера Иракъерчу куьпахь. Царех цхьа зуда Нохчийчуьра орамаш долуш хиллера, дукхахболу зударий а, бераш а Дагестанера.

"Шина кIантах ваьллера со, амма берийн бераш схьакхачийна суна", - аьлла, воккхаверца йоьIан дедас, яздо "Кавказан узел" агенталло.

Цо бахарехь, воккхахволчу кIентан йоьIарий кху аьхка цIа балийнера цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG