ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин полкан керла куьйгалхо ву


Военнослужащие Федеральной службы войск национальной гвардии РФ
Военнослужащие Федеральной службы войск национальной гвардии РФ

Росгвардин Кадыров Ахьмадан цIарахчу 141-чу полкан командир хIоттийна лакхара лейтенант Тушаев Мохьмад. Мехкан куьйгалхочо эскархошна вовзийитина иза.

Бутт хьалха Маршо Радионо шен агIонехь яздинера, Росгвардин цхьана полкан хьалханчана, полковникна Абдулкадыров Рахьманна "кадыровгIара" еттарх. Масех эскархочо социалан машанашкахула мехкан куьйгалхочуьнга аьрзнаш кхехьийтинчул тIаьхьа вохийра Абдулкадыров даржах.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу («Север») полкан командир хилла полковник Абдулкадыров Рахьман ведда Нохчийчуьра аьлла,хаам бира "Кавказ.Реалиино". Карарчу хенахь иза лечкъина ву Нохчийчуьрчу Iедалх.

ХIинццалц "Терек" СОБР-ан цхьана декъан куьйгаллехь вара Тушаев.

Росгвардин Кадыровн цIарах 141-ра полк тоххара хилла "Север" батальон ю. Кадыров Рамзанан цIарах 2006-чу шарахь кхоьллина яра и.

"Мемориало" бахарехь, "Север" батальнехь берш 2003-чу шарахь Кадыровн агIор сехьабевлла хилла тIемалой бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG