ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратова реза яц Iамерко Кадыровна дуьхьал санкцеш яхарна


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа "Магнитскийн тептаре" язварх комментари йина бакъонашларъярхочо Саратова Хедас а.

"Iамеркан политика бахьанехь Гергарчу Малхбалехь хIаллакхуьлучу нехан бакъонаш шена пайда а ца лоьхуш ларъеш, схьавогIуш ву мехкан куьйгалхо. Со цец ца яьккхина Iамерко. Цхьанатоьхначу Штаташа адамийн а, шайн лаамерчу пачхьалкхин а бакъонаш хьешна ца Iаш, тоьллачу дахаре сатесна, шайн махка баха баьхкинарш хIаллакбо", аьлла Саратовас.

ФБР-н белхахоша 2013-чу шарахь Бостонерчу марафонех хеттарш дечу хенахь вийна нохчийн спортхо Тодашев ИбрехIим дагаваийтина бакъонашларъярхочо.

"Цхьа а тоьшалла а доцуш, шеконаш кхоллаеллера аьлла, вийна ву иза. ФБР-н белхахоша иза вехачу хIусам чу а лилхина, сахьташкахь хеттарш дина, къиза етта а йиттина, вийра иза", - аьлла Саратова Хедас.

Маршо Радионо шен эфирашкахь дийцира, Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Флоридерчу Орландо-гΙалахь къайлахчу сервисан, ФБР-н, белхахоша, шайна герзаца дуьхьалоечохь вийна хиларх 26 шо долу нохчо Тодашев ИбрахΙим.


Дийнна шарахь гIуллакх теллинчул тIаьхьа, Орландо-гIалахь Тодашев ИбрахIим верна бехказбехира Флорида шататан прокуратурано Iамеркан Штатийн Федералан талламан бюрон белхахой.

Прокурора дийцарехь, аьчка чIу а карахь, шайна чукхоссавелча, шайн дахар Iалашдеш, вийна цара терактехь дакъалацарх шеко йолуш, шаьш левеш хилла Тодашев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG