ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрин полицино сема хилар доьху бахархошка


Оьрсийчуьрчу талорхоша динчу зуламех хаамаш бу кху деношкахь Германехь а, Австрехь а зорбанийн хьалхарчу агIонашкахь бийцаре беш. Германехь еаридийнахь дIайолаелла кху чекхдолчу шеран уггаре а IалагIоже процесс.

Даханчу аьхка шена акцешна тIехь саяккхархьама немцойн Бундеслиги юккъера тоьллачех футболхой чохь болу "Боруссия Дортмунд" командин автобус эккхийтинера цхьана оьрсийн жимчу стага.

Хьалхо Маршо Радионо дийцина ма-хиллара, и зулам цкъа хьалха радикалечу исламхоша дина мотаделлера дуккхаъчу нахана.

ХIунда аьлча талорхочо лерина Iарбойн маттахь йозанаш тIехь долу кехаташ дитинера ша эккхийтар динчу меттехь, лараш кегорхьама.

Амма вуно сиха немцойн полисхошна гучуделира, ДаIишхоша я кхечу террорхоша и хIума дина ца хилар а, цу зуламна тIехь лаьтташ адамийн сутаралла хилар а. Талламхошна гучудаьллера, и зулам динарг Сергей цIе йолу оьрси хилар.

Дортмундерчу полицино дIабаьхьанчу талламо гайтира, цу 25 шо долчу Сергейс план хIоттийна хилар, ша нагахь санна Боруссия клубан финансийн биржера акцеш эцахь, ткъа цул тIаьхьа цу клубан футболхошна дуьхьал террорхойн тIелатар хилахь, шайн ловзархойн кхерамазалла Iалаш ца ялуш йолчу клубан акцеш механа яйлур ю, тIаккха шен уьш йохкар-эцарна тIехь саяккха таро хир ю, аьлла.

Цо тIаккха 15 эзар Боруссия клубан сертификат эцна хилла, цул тIаьхьа царех акцеш эца бакъо а йоккхуш шена. Цу сертификатех оьрсичо 78 эзар евро делла хилла, ткъа шена терактехь футболан клубан акцийн сийдайча ер йолу сана цо гергарчу хьесапехь 4 миллион евро мах хIоттийна хилла.

Цу Iалашоне кхачархьама цо Боруссия футболхойн тоба шайн рогIерчу ловзаре стадионе дIайюьгучу церан автобус тIех йолчу новкхахь кхоъ куьйга йина фугас йоьллинера. Ткъа цу фугасашна уллохь куьйга яздина йоза дитинера, ДаIиш тобан цIарах футболхошна а, Германин урхаллина а кхерамаш а туьйсуш.

Фугасан эккхаро цхьа а ца вийнера.

Еари дийнахь Дортмундерчу кхелехь дIадоладелла Сергейн дов хаттар. Нагахь санна цунна дуьхьал тоьтту бехкаш кхело тIечIагIдахь, цунна велла дIаваллалца хан тоха йиш ю набахтехь яккха.

Цу юкъана Австрехь иштта еари дийнахь полисхоша лаьцна Айзенштадт гIалахь герз карахь ювелиран туьканна динчу гIовгIанечу тIелатаран декъашхой.

Туьканчуьра йохкархошна а, цу чохь цу мIаьргонехь нисбеллачу эцархошна а тIе герз а лаьцна, цара дешин а, бриллиантийн а хIумнаш лачкъийнера. И тIелатар дина масех сахьт даьлча меттигерчу полицино лецира талорхойх цхьаъ. Ткъа цуьнга хеттамаш бинчу тIаьхьа гучувелира цуьнца хилла волу шозлагIа тIелатархо а.

Масех де хьалха иштта Австрин коьртачу шахьарехь полисхоша лецира 13 стагах лаьтташ йолу кхиазхойн банда. Оьрсий а, украинхой а, сербаш а, болгараш а декъа болу и тоба 14 шарера 18 шаре кхаччалца хенаш йолчу берех лаьтташ ю.

Урамашкахь таьIначу меттигашкахь кIелонаш а еш, кхерамаш тийсарца а, еттарца а шайн закъалташкара телефонаш а, дешин хIумнаш а, ахчанаш а схьадохуш хилла славянхойн орамаш долу къона талорхой.

Австрерчу полицино керистанаша Iиса пайхамар вина де а, Керла шо а даздечу деношкахь къаьстина Оьрсийчуьра а, Малхьалера Европера а талорхойн тобанаш ю нехан петаршкахь а, туьканашкахь а талорш дан араевлла, сема хила бохуш кхайкхамаш бо меттигерчу бахархошка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG