ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Сан аккаунт дIаяккхахь а, тухур яц цара блок сан цIарна


Шен Facebook а, Instagram а дIакъовларх комментари йитина Кадыров Памзана. "Хууш ду, хьан дIаяьхна сан аккаунташ. Со оьгIазе хьийзар ву моьттура царна, ама и бакъ дац", аьлла Кадыровс.

Интсаграм а, Фейсбук а йита масийттазза ойланаш хуьлуру шен, амма шен доттагIашна а, шен агIоне язбеллачарна гергахь а товш ца хетара шена аьлла мехкан куьйгалхочо.

"Ас дукха хан йойура цаьрца. Махкарчу керлачу хаамех, сайн доьзалх дуьйцуш. Амма воьхна хьийза оьшуш дац. Кхин дIа йолчу хенахь а юкъарлонашкахь хир ду вай ВКонтакт-ехь (Кадыров Рамзан), Твиттерехь (RKadyrov), Телеграмехь (@RKadyrov_95)".

Ишта-м дика кхаъ а бу боху Кадыровс. Керла социалан @ Mylistory маша бу кхуллуш, керла шо тIедеанчул тIаьхьа болх бийр а болуш боху цо..

"Социалан машанашкахь шайна ма-тов блок тухийла цара сан аккаунташна, амма Кадыров Рамзанан цIарна цкъа а аьтто хир бац церан блок тоха", - аьлла, дIахьедина мехкан куьйгалхочо.

XS
SM
MD
LG