ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнказахь лецнарш бехке ца хета церан гергарчарна а, адвокатна а,


ПIаьнказахь лецначу Алдамов Русланна а, Мачаликашвили Тамирланна а тIеххула бен бевзаш ца хилла Чатаев Ахьмадан тобанхой, телефонашчуьра контакташа тоьшаллаш ца до, цушиннан бехкхиларан аьлла Алдамовн адвоката а, Мачаликашвили Тамирланан йишас а.

Маршо Радионо хааме даьккхинера Гуьржийчоьнан къайлахчу сервисаша ПIаьнказан чIожехь спецопераци дIахьочу хенахь гIаттамхой бу аьлла, Гуьржийчоьнан 5 вахархо лацарх. Царех виъ - Горнакашвили Зураб а, Алдамов Руслан а, Маргошвили Рамаз а, Чапанашвили Бадур а дIалаьцнера, ткъа пхоьалгIа Мачаликашвили Тамирлан коьртах герз кхетта, чолхечу хьолехь дарбан цIийне валийнера. Шайна дуьхьал граната кхоса иза кечлучу хенахь, дуьхьал герз тоьхна шаьш аьллера полисхоша.

Терроризмана гIо лаьцна хилла аьлла, бехкевечу Алдамов Руслана тIе ца дуьту шен Чатаев Ахьмадца а, цуьнан тобанхошца а уьйраш хилар, хаийтина цуьнан адвокато Кублашвили Мариама.

Иштта адвоката бахарехь, Алдамовн контакт хилла Нохчийчуьра схьаваьллачу, Тбилисехь леринчу операцехь вийначу цхьаьнца, амма цунна аьттехьа а хууш ца хилла, цо лелорийг.

Къайлахчу сервисаша чIагIдарехь, ПIаьнказара лецначара чоь, юург-мерг, мобилан зIе а латтош, гIоьналла латтийна Чатаев Ахьмадан тобанна Гуьржийчу кхача.

Цул совнах, Чатаев Iийначу хIусамехь карийна Мачаликашвилин цIарах банкера документ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG