ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:06:51 0:00
Линкана тIе

Шена дуьхьал айдинчу бехкзуламан гIуллакхах ведда, Нохчийчохь кхаа шарахь лечкъина Iийна гIалгIайн оппозиционер Хазбиев Мохьмад шен махка юхаван дагахь ву.

Ша цIа ваха бинчу сацамах цо дIа ма кхайккхий, цуьнан да а, нана а дехачу керта граната кхоьсинера.

КIиран буса Назранехь ХазбиевгIеран кертахь эккхийтира геригийн граната. Оьккхуьйтург уьйтIахь лаьттачу шина машенна юккъе кхетар бахьана долуш, гергарчарна зен-зулам доцуш дирзина зулам.

Цхьа машен яьгна, шолгIаниг йохийна дIасаеттаеллачу геригаша. Иштта хIоьан геригаш цIийнан пенах а етталелла.

"Сан да-нана а, шен хIусамненаца а, кегийчу 4 берашца а сан жимахволу ваша а ву оцу кертахь вехаш. Дуьххьара хилла дац и тайпаниг. Дукха кхерамаш тийсина суна а, сан дена-нанна а, сан вежаршна а", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте гIалгIайн бакъонашларъярхочо Хазбиев Мохьмада.

Хиллачу инцидентна бехке Iедалхой бу аьлла тешна ву иза. Оцу кепашца шена кхерамаш бу цара туьйсурш, республике юха ца ваийта.

Машен а ядийна, бакъо йоцуш герз а лелийна аьлла, шина бехкала воьллира Хазбиев Мохьмад ГIалгIайчохь. ХIетахь дуьйна. 2015-чу шарера схьа Нохчийчохь лечкъина хан яьккхира цо.

Политикан бух болуш, фальсификаци ю боху оппозиционеро шена дуьхьал даьккхина гIуллакх.

2015-чу шеран Дечкен-баттахь Назранехь митинг хIотточу деношкахь, шега информаци кхечира боху Хазбиевс, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека омра дина, хьо оцу акци ма вита аьлла, чIагIдо бакъонашларъярхочо.

"Со вен тарло элира соьга, сан накъостий Аушев Макшерип а, Евлоев Мохьмад а санна", - дагалоьцу Хазбиевс.

Оццу дийнахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхочун гIовс веанера Хазбиев волчу, полисхойн декъе кхойкхуш, кехат а дохьуш.

ШолгIачу дийнан сарралц бохург санна полицехь висира оппозиционер, оцу бахьанаца митинге вахар а юкъахделира.

Ткъа кхоалгIачу дийнахь иза вехачу хIусам чу а лилхина, Хазбиевн да а, ши ваша а лаьцнера полисхоша. Машен лачкъийна аьлла бара царна тIететтина бехк.

ЦIийнах а хьоьвсина, цхьана цIа чуьра тапча а, патармаш а арадаьхнера полисхоша. ХазбиевгIара дIахьедира, ницкъаллийн структурийн белхахоша шаьш деана, кIелакхоьсинера и герз аьлла

"Ростовера баьхкинчу талламчашка дIабеллера сан вежарий. Цигахь 11 баттахь латтийнера уьш изолятор чохь. Экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхочо Хамхоев Тимура ша видео гойтур ю аьллера, сан вежарша лачкъийна, машен юьгуш яьккхина. Кхи цхьа а тоьшаллаш цара далийча, цигарчу полисхоша маьршабаьхнера сан вежарий", - дуьйцу "Кавказ.Реалиига" Хазбиевс.

Шен гергара нах лецначул тIаьхьа шега тIекхойкхуш кехат доуьйтур ду аьллера, амма тIаьхьо гIалин чоьхьарчу гIуллакхийн хьаькамо Бисаевс, ша тIаьхьа а веана, нуьцкъаша дIавуьгур ву аьлла хазийра, билгалдоккху оппозиционеро.

2015-чу шарахь вен дагахь шена кIело йинчул тIаьхьа Нохчийчу дIавахара бакъонашларъярхо. Цул тIаьхьа пачхьалкхо ларван шен куьйга кIел ийцира иза.

ТIаккха лаам хилира цуьнан ГIалгIайчу юхаван, шена дуьхьал диллина бехктакхаман гIуллакх доллушехь.

"ХIинца кхо шо дуьзна. Болх беш адвокат а ву, амма нислуш кIад а дац, хIунда аьлча, йоллу кхелан система коррупцех дуьзначу Iедална болх беш хиларна. Цундела сайн махка юха а вирзина, Iедална тIе ваха Iалашо ю сан. Лацахь – лоцур со. Цара дуьхьал даьккхинчу гIуллакхца йолчу артиклца 4 шо хан йогIу суна. Чуволлахь, сайн хан дIатокхур ас. Со цунна кийча ву. Сайн гергарчаьрца а, тхайн тайпан векалшца а дагаваьлла со. Уьш суна тIетайна. Со волчу баьхкинера тхан цIийнах мел болу къаной. Цара шайна а хууш ду боху, суна дуьхьал даьккхина гIуллакх, бух боцуш дуйла", - аьлла, дийцира Хазбиев Мохьмада.

Иштта цо билгалдоккху, еарийдийнахь ГIалгIайчу цIа воьдуш ша хилар а. Шайн тайпан векалш бу ша вехачу Назранерчу хIусамехь гуллур болуш, Евкуровна ультиматум хIотто дагахь бу уьш, цо бахарехь.

"Нагахь цо низамаш тIех а тосуш, харцо лелайой соьца, хенан йохалла гIалгIайн Iадаташца жоп дала дезар ду цуьнан", аьлла, дIахадийра оппозиционеро.

"Соьга дукхамма олу дIагIахьара хьо кхечу пачхьалкхе. ХIан-хIа, оцу йовсаршна сайн мохк а битина, со водур вац цхьанхьа а. Оьрсийчоьнан конституци а, цуьнан низамаш а сан махкахь болх бан дуьйладаллац ас къийсам латтор бу. Тахана Кавказехь мел хуьлуш дерг – Iазапаш латтор, ницкъбар, террор, нах байар- и дерриге а Оьрсийчу дIакхочур долуш ма ду.

Кхузахь апробаци еш ю, кхана-лама йоллу пачхьалкхехь лело долор ду и зуламаш. Цундела цхьана зуламан системина дуьхьал вай массо а гIовтта деза",- боху Хазбиев Мохьмада.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Дуьненан футболан чемпионат шайн цIахь дIахьош хиларе терра, Оьрсийчоьнан бахархоша сагатдо мехкан футболна. Шу дуй оцу декъах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG