ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаровна "искусство" ца карийна блогеран видеохь


Оьрсийн блогеран Поперечный Данилан Кадыровх яьккхина пароди "профессионале йоцу перфоманс" ю аьлла махкарчу зорбан министро Умаров Джамбулата "Москоха дуьйцу" радиостанцин эфирехь.

"Шен дагахь ира забар ян лаам хилла жугарг-ойланча ву иза, я ишак-Iовдал ву, шен декъазчу роликца гечдар дехначийн, шайнна хаьа шуна ас мила вуьйцу, могIаре хIиттийначаьрца ву ша аьлла, билгалвала лууш", аьлла Умаровс.

Ша масийттаза юх-юха хьаьжира боху Умаровс оцу ролике "искусство я ира забар" лохуш, амма тIе ца кхиира.

Ютюбан-блогеро Поперечный Данила шен каналехь зорбане яьккхина ГIура Дадас Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шен "дикачу гIуллакхийн гIоьнча" хIоттош видеоролик.

Роликан сюжетехь ГIура Дадин Великий Устюг гIаларчу резиденци вогIу Кадыров, балха хIотта Iалашонца. Цунна дала шен резиденцехь маьрша дарж дац ГIура Дадас аьлча, оьгIазе хьийза Кадыров, тIаккха "дикачу гIуллакхийн гIоьнча" ша эцар доьху.

Роликан чакхенехь мехкан куьйгалхочо чIагIо йо, шайн барт хиларца Устюгехь, Соьлж-ГIалахь санна, Тиматин Black Star Burger схьайоьллур ю ша олий.

ТIаьхьо блогера дIахьедира, оцу видеоца "дешан маьршо хьалхаяккха гIоьртира ша" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG