ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Азербайджанехь карийна йоккха стаг эххар а Нохчийчу кхачий


Азербайджанерчу Геранбойскан кIоштахь карийна 104 шо долу Алиева Мадина Нохчийчу кхачийна. Ноьвр-кIоштан Алпатовехь йолчу социалан хIусамехь дIатарйина иза ханна.

Нохчийчоьнан телевизионехь Алиева схьакхачарх а, хIусамехь дIатаръярх а дуьйцучу репортажехь билгалдаьккхина, ханна йоккха хиларе терра, шен биографин цхьайолу факташ йицъелла хила тарло цунна аьлла.

Иштта телевизионехь Алиевас дуьйцу, ехачу хенахь ша Урдунехь шен ден гергарчу нахехь яхарх, амма даим а Нохчийчох са латтарх а шен.

Алиевас цIена буьйцу нохчийн мотт, оьрсийн дешнаш юкъа а далош, Урдунехь нохчаша буьйцучу маттах къаьсташ.

Азербайджанан хаамийн гIирсашна тIе а тевжаш, Маршо Радионо дийцира Гедабекан кIоштахь шелонехь Нохчийчуьра 104 шо долу йоккха стаг карийна хиларх а, иза Бакурчу цхьана социалан хIусаме ялорах а.

1914-чу шарера йолу Алиева Мадина Геранбойскан кIоштарчу полисхошна карийнера, гIора а йина урамехь. Цара медицинан гIо а кхачийна, йовха бедарш а елла, цул тIаьхьа «Təmiz Dünya» цIе йолчу юкъаралло доладечу гIо эшна нах дIатарбечу тIеоьцийле кхачийра.

Мадинас дийцарехь, нана нохчо, да Iарбо хилла цуьнан. Меккахь йина ю иза. Цул тIаьхьа нанас Нохчийчу дIайигира ша аьлла, цигара депортаци а хьовсийра шаьш. Мадинин 15 шо дуьзча маре елла иза, доьзал бац цуьнан. ЦIийнда кхелхинчул тIаьхьа йохка-эцар лелийна цо, Азербайджанера Нохчийчу а оьхуш. Иштта Iамийна цо шена церан мотт а.

Алиевас бахарехь, ахча гулдина хилла цо Кербела зиярте яха. Новкъахь шина зудчо Iеха а йина, кхуьнгара 200 долларшкахь ахча а, дашо лергаухкурш а лачкъийна, Мадина Гедабеке а ялийна, охьатесна.

Ткъа хIинца болчу хаамашца, цуьнгара даьккхинарг ду 450 долларов. Хьалха зиярате йоьдуш хиллехь а, хIинца Урдунера Нохчийчу йогIуш яра ша аьлла Алиевас.

Йоккхачу стеган гергара нах гучубовллалц, социалан хIусамехь ехар ю Алиева, пачхьалкхо дола а деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG