ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийн къам дезаш яра Горюхина..."


"Новая газетан" редакцехь дагалецира Горюхина Эльвира
"Новая газетан" редакцехь дагалецира Горюхина Эльвира

Шерашкахь цигахь гуллора шайн бераш лоьхуш долу дай-наной. Со цига дуьххьара кхаьчча, ялх боьрша стаг а, итт зуда а яра цигахь. "Цунна дика ду, цунна шен кIентан дакъа схьакарийна", - бохуш, йоьлхура Халишкова Роза. "Цунна дика ду..." Я Дела, гечделахь тхуна!"

Цу дешнийн автор Горюхина Элвира ю, масех де хьалха Москох кхелхина журналист, хьехархо, Нохчийчоь езархо а, йовзархо а.

Дуьххьара 1996-чу шарахь Нохчийчоь кхаьчна йолу иза цу махкаца цхьа тамашийна зIе а кхоллаелла, даимна а цу гергарлонна муьтIахь йисира.

Ша кхалхале масех де хьалха, вуно чIогIа лазаро лаьцна ша йолуш, хийрачу махкахь вехачу цхьана нохчочуьнца къамелехь аьллера цо "Ма сагатлуш хир ду хьан Нохчийчоьнна. Ур-атталла сан а оццул Нохчийчоьнна сагатлуш хилча", аьлла.

Шен доллучу дахарехь Новосибирскехь хьехархочун болх бина йолу Горюхина 1992-чу шарахь йолаеллера тIемаш а, конфликташ а йолчу меттигашкахула некъаш а деш, цигарчу адамашца къамелаш дан а, цу адамех лаьцна яздан а.

Мацах Советан пачхьалкхенна юккъехь хиллачу меттигашкахь цхьа а тIом ца бисинера иза кхачанза. Иза нахана гIо дан гIортанза.

Нохчийчу иза дуьххьара "Новая газетин" леринчу корреспондентаца Измайлов Вячеславца кхаьчнера. Шена Горюхина дуьххьара гинчу дийнахь, шена мила ю а ца хууш хилла иза чIогIа тIаьхьаелира шена, хьайца Нохчийчу йигахьара ша бохуш, дагалоьцу Измайловс шаьш довзар.

И дехарш деш, шена тIаьхьа а хIоьттина, Москох мел ю шеца редакце кхаччалц схьаеара иза боху цо. Ткъа схьакхаьчча, редакци чохь шега хьоьжуш Iаш хиллачу Нохчийчохь тIамехь байначу а, лийцинчу а салтийн наношца цо къамел деш гича кхийтира ша, иза шен цига ца йигича йиш йоцийла: "20 шо хьалха дуьххьара ас хIунда йигира иза сайца Нохчийчу? Суна гира цо наношца къамел деш, бераш дайъинчу наношца. Новая газетин редакцехь дара иза.

ТIаккха со кхийтира, иза цигахь чIогIа оьшуш юйла, салтийн наношца къамелаш дан а, салташца а, тIемалошца а. ХIетахь дуьйна ас даима а сайца юьгура иза Нохчийчу воьдуш.

Цкъа иштта цхьа хьал хIоьттира, тхо гуманитаран гIо эцна дахана долуш. Тхо закъалтана лаца гIерташ бара цхьа нах. Царех цхьаммо соьга элира: "Тхан нах Оьрсийчохь набахтешкахь бохкуш бу, ткъа хьо оьрсийн эпсар ву Нохчийчохь хехкалуш лелаш. Хьо кхуза тхох къахетта веана гуманитарка йохьуш?"

Со айса хIун эр ду а ца хууш виснера, ткъа Элвирас элира цуьнга: "ХIан-хIа, къинхетам бахьана долуш даьхкина дац тхо. Безам бахьана долуш даьхкина ду". Иштта адам дара Элвира Николаевна. Дукха ду цунах дийца".

Горюхина тамашийна адамех а, адамаллех а тешаш стаг яра. Оьрсийн литература хьехархо йолчу цунна уггаре а дукхавеза яздархо Толстой Лев вара, ткъа Толстойн тоьлла роман цо "Хаджи-Мурат" лорура.

Нохчийчохь тIом баьллачул тIаьхьа юх-юха а йоьшура цо цу романан кийсакаш – оьрсийн салташна а, нохчийн тIемалошна а, оьрсийн бомбанаш йохийначу ишколийн херцашлахь доьшучу берашна а, политикашна а. Литературица а, хазчу дашца а адамашкахь адамийн амалш денъян а, самаяха а йиш ю бохучух тешаш яра иза.

Горюхина Элвира ткъо шо дара халчу цамгарца къуьйсуш йолу. Амма цомгуш яра яьлла цхьана дийнахь ца язъеш, болх ца беш Iаш яцара иза. Иза кхалхарца уггаре а тоьллачех а, доггахлерачех а доттагI дIаялла нохчийн къоман.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG