ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:04:05 0:00
Линкана тIе

"Нохчийн мухIажирш Европана бале бевлла" - иштта ю тIаьххьарчу хенахь оьрсийн хаамийн гIирсашкахь зорбане юьйлучу артиклийн юкъара ойла.

ТIаьхьара, масала, "Коммерсант" газетехь масех де хьалха ара а яьлла, нохчашлахь шуьйра дIасаяьржина "Европан нохчийн корталазар" цIе йолу артикл.

Цу тIехь Агаев Виктор аьлла шен цIе язъинчу журналисто дуьйцу, Малхбузехь нохчийн кхолладеллачу вастах лаьцна. Аьлча а, масех агIонна яхйинчу шен артиклехь цо схьагулбина массо а кху тIаьххьарчу иттех шарахь нохчийн хьокъехь немцойн мотт лелачу мехкашкахь арабийлина негативе хаамаш.

Криминалечу хроникана тIера контекст юккъера схьа а дохуш цо дахкочу тайп-тайпанчу экспертийн дешнашна тIе кхаччалц. Ткъа ур-аттала нохчийн хастош а, цу къоман йолу дика амалш билгалйохуш хIума шена зорбанехь карийча, авторо и меттиг нийса бIостанехьарчу маьIне а берзош, далийна.

Иштта, масала, Венерчу Wiener Zeitung газетехь масех шо хьалха нохчех лаьцна араяьллачу цхьана артиклехь билгалдаьккхина дара, нохчийн къомах болу кхиазхой сих-сиха цхьацца латаршкахь а, кега-мезга къепедацаршкахь а гIарбуьйлуш а, радикалечу хьехамех Iехалуш а белахь а, амма Австрерчу криминалан дуьненахь цара ловзош цхьа а мехала рол яц, аьлла.

Иштта австрихойн журналисто дуьйцура, хIун бахьана ду нохчийн кегирхой урамашкахь кест-кеста латаршкахь дакъалацаран а, уьш хиндолчун башха ойла ца еш кхуьуш хиларан.

"Нохчаша шаьш ца дуьйцу шайн хьал юкъараллига. Церан цхьа а хьалхонча вац царах дика дош олуш, цхьа а цIеяххана векал вац, шуьйрачу юкъараллина вевзаш гIарваьлла, цхьа а вац иттанашкахь нохчийн къомах нах ДаIишах дIакхеттехь а, амма 30 эзар стагах лаьтта нохчийн диаспора царах жоп дала декхарийлахь йоцийла дуьйцуш.

Цхьа а вац нохчийн къомах кегийрхой, кхечу къаьмнех берш санна, зударий бохкар-эцарехь я наркотикаш йохка-эцарехь дакъалоцуш боцийла дуьйцуш.

Уьш дика белхалой буйла а, царех дукхахчийн бераш гимназешкахь доьшуш дуйла а дуьйцуш".

Иштта чулацам болчу немцойн маттерчу артиклера Коммерсант газетан авторо шена кара мел беш болу критикалле могIанаш контекст юккъера схьа а баьхна, гочбина, артикл ерриге а негативе йолуш санна гайтинера.

Цхьа кхин масала. Оьрсийн журналисто шен артиклехь яздо, Берлинехь 2016-чу шарахь мотоклуб кхоллаелла, "Вайнехан партизанаш" аьлла, цIе а йолуш, ткъа и мотоклуб криминалечу хроникехь кест-кеста хьахош а ю, бохуш.

Цо ца дуьйцу, цу мотоклубан декъашхой оьрсийн Iедалийн агIончаша кхоьллина а, оьрсийн Iедалца готтачу уьйранашкахь хилар а. И нах могIарера нохчийн мухIажарш болуш санна сурт хIоттадо цо шен йозанехь.

IалагIожечу оьрсийн журналистан артиклан коьрта чулацам а, цо ешархошка кховдошболу хаам а кху цитатехь хаало "Постсоветийн Кавказехь тIом боьдучу хенахь немцойн къинхетам бара нохчашца а, кхечу кавказхошца а, и нах "маршонехь къийсархой" санна а гуш.

Олуш ма-хиллара, и бахьана долуш хиллачу массо а тIаьхьалонашца: оьрсийн салтий байинчу тIемалошна Германехь тховкIело лора, царна белшаш гIортайора адамийн бакъонаш ларъярхоша.

Цундела немцойн урхалла а, юкъаралла а ца тешара Москохара шайга сих-сиха кхачош хиллачу ларло бахаран хаамех. ЖамI- Германехь 1990 -чу шерашкахь дуьйна дукха гулбелла "Исламан пачхьалкх" (эмират) кхолла сатесина болу Дудаевн, Басаевн, Удуговн а, кхечеран а агIончаш".

И санначу масалех юьзна и артикл. Коммерсант газетера Маршо Радио цу хьокъехь комментарий эца гIортар, цхьа а жоп доцуш дисина.

Нохчийн мотт безийтархьама, ларийтархьама Iедало шен ницкъ кхочург дой?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG