ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн эскарша 153 тохар дина курдашна


Шеман Къилба агIорчу Афринан кIоштахь курдаша Iалашъечу 153 объекташна тIе туркойн эскарша тохарш дина. Истанбулерчу Рейтер агенталло бина и хаам, кIирандийнахь туркойн эскарша динчу дIахьедарх пайда а оьцуш. ТIеман буьйранчаша дийцарехь, лаьттарчу артиллерица дина тохарш.

Хонкарарчу официалан хьосташа чIагIдо, курдойн гIаттамхоша ракеташ тоьхнера Туркойчоьнан территори тIе, аьлла.

Туркойн дозанна уллерчу Килис гIалин губернаторо Текинарслан Мехмета 4 ракета кхоьсинера аьлла гIалина кIирандийнахь, цхьа стаг а лазош, ши цIа а, офис а йохош. Цул тIаьхьа туркойн артиллерино дуьхьал герзаш диттина боху губернаторо.

Iамерко оцу гIулчо регионерчу хьолана кхи тIе а дестабилизаци йийр ю боххушехь, Афринан анклавера курдойн тIемалой арабаха Iалашонца кIирандийнахь туркойн эскарша операци йолийначул тIаьхьа буьйлабелла курдой а кхийсарш ян.

Туркойн кеманашца динчу тохаршкахь маьршачу нахалахь мел лахара а 10 стаг вийна аьлла курдойн милицино.

Курдийн векало вийнарг 7 ву аьлла Франс Пресс агенталле, царлахь жима бер а ду, эскархо ши зуда а, цхьа стаг а долуш.

Туркойчоьнан премьер-министро Йылдырым Биналис шоьтадийнахь дIахьедина, курдойн Афринерчу анклавна дуьхьал хьажийна долу тохарш "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба а, Шемара YPG "элементаш" а хIаллакъян Iалашонца дина дара аьлла.

Оццу дийнахь Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа дIакхайкхийра, Афринехь тIеман операци йолийна, цунна тIаьххье луларчу Манбиджехь а дIахьур ю шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG