ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дешалаш, дешча, карор ду шуна, олуш, стаг а вац..."


please wait

No media source currently available

0:00 0:17:36 0:00
Линкана тIе

ТIаьххьарчу шерашкахь хьехархойн вовшашца зIенашкахь а, хIитточу семинарашкахь, конкурсашкахь, форумашкахь хуьлучу цхьанакхетаршкахь дуьйцург, исбаьхьаллин литература йоьшурш тIех кIезиг хилар ду.

Биэндацарца юьстах бац оцу проблемана яздархой а. Царна а шера хаьа, шаьш леррина церан дуьхьа арахоьцучу жайнех бераша кIезиг пайдаоьцийла.

Нохчийчохь а, цул арахьа а дика вевзачу яздархочо-прозаика Бексултанов Мусас халахетарца дуьйцу, цхьана университете я институте, я школе берашца цхьанакхетаре ша валийча, бухарчу дешархошна я ша а, шен йозанаш а девзаш цахиларх.

Цхьаъ-шиъ шен дийцар дешна хуьлу, боху хьехархо. Книгаш ешар лекъаш дуй гуш волу ша, цунах вас хуьлий хIоразза а юхавоьрзу аьлла, хьалхо Маршо Радиоца хиллачу къамелахь дийцира яздархочо.

Советан заманахь уггар а книгаш йоьшурш алсам болу пачхьалкх хиллачу махкахь хIун хийцаделла - те бохуш, хеттаршка буьйлу тахана хьехархой а, яздархой а.

Маршо Радионо цхьана гулбилра шен дискуссин майданахь гIалин, эвлан хьехархо а, яздархо а. ГIоьртира жоьпаш лаха, стенах Iехабелла -те кху заманан кегийрхой, книгаш дIа а теттина аьллачу хаттарна.

2002-чу шарахь дуьйна Соьлж-ГIаларчу Кааев Хьасанан цIарахчу лоьмар 54 йолчу школехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш ву Хасаров Рамзан.

Иза тешна ву, кху заманан керлачу технологеша беран буйнара киншка яьккхина аьлла, ткъа "Майкрософт" кампани кхоьллинчу Гейтс Билла, бераш телевизорна хера даьхна боху компьютеро, книгаш ешархошна йина новкъарло яц.

Нохчийн меттан хьехархо Хасаров Рамзан
Нохчийн меттан хьехархо Хасаров Рамзан

- Рамзан, баккъал а гаджеташа тIеIаткъамбина аьлла тешна ву хьо книгашешархошна?

- Тахана электронан гIирсаша дIалаьцна ю массо а терхенаш, цундела кхуьуш долу чкъор, ур-атталла, баккхийнаш а царех боьзна бу-кх вайн.

Тахана суна гуш дерг муха ду, книгаш йоьшуш берш а бу, цайоьшурш а бу. Лаккхарчу класссашкахь хьоьхуш ву со, масала. Аса довзуьйту Бексултанов Мусан, Ахмадов Мусан, Айдамиров Абузаран, Сулаев Мохьмадан кхолларалла. Церан дийцарш, кийсакаш, романаш йоьшучу хенахь, дешархошна чIогIа мехал хета, цара Iама а йо, еша а йоьшу.

Масала, оцу Бексултановн дийцарш дешча, кхи юй-те цуьнан араяьлла киншка, мичахь карор яра-те аьлла, цара хаьттича, Iаламат чIогIа хазахета суна. ХIунда аьлча, цунна и яздархо марзвинарг, цуьнан произведенеш хазйинарг со ву-кх олий.

Бексултанов Мусан "Iаьржа бIаьрг", "Вешин тIехьийза йоI" дийцарш цхьана а дешархочун, я хьехархочун дагахь ца хьакхалуш хир ду аьлла ца хета суна. Ша говза, похIма долуш яздархо хиларе терра, ма дарра, йоллу шен ойла ю яздархочо цхьалха яьккхина. Оцу книгаша марзбо аьлла хета суна дешархой еша.

​Матте, литературе беран безам хуьлийла а дац аьлла хета яздархочунна, прозаикна Бексултанов Мусанна, хIунда аьлча, уггар хьалха оцу школашкахь пайдабоцчу и баьккхина хиларна. Иштта долийра цо шен къамел.

- Суна чIогIа лазам болуш хIума ду аш айдинарг. Кху тIаьххьарчу хенахь со цхьаъ бен и дуьйцуш а вац. КъорIана тIехь дуй баа а, ишколашкахь нохчийн маттал а пайда боцуш хеташ цхьа предмет ма яц.

Ма гIол хьо оьрсийн меттан, математикан урокашка а, хьуна дов дийр ду, хьо класса чуьра ара а воккхур ву, хьоьга да-нана даладе а эр ду.

Амма хьо кIиранах нохчийн уроке цаводарх, хьоьга хIума олуш да вац. Физкултура урок а ю-кх цул а лараме, цул а луьра.

Нийсса ах сов вайх дозуш ма ду и. Нохчийн меттан хьехархочунна хаа ма деза, хIара гIуллакх ша метта ца даладахь, меттадало да вац-кх аьлла, цуьнан ойла ян ма еза цо.

Шен предмет ларийта ма еза цо, и цара ларрал дIайийца хууш хила ма веза хьехархо. Дукхахболу бехк оцу хьехархойн хета суна. Цкъа Абдулаев Лечига ас боху, тхойшиъ къамелаш деш Iачу хенахь, цхьа 3 бIе дешархо мукъна а велара вайн кху махкахь. Ахь хIун дуьйцу боху цо, кхо бIе хилча-м, хьуна кхи хIун оьшура.

Кхетий хьо цо бохучух? Цунна хаьа уьш боцийла, суна а хаьа. Иштта хьал ду-кх!

Яздархо Яралиев Юсуп
Яздархо Яралиев Юсуп

Еххачу хенахь школехь болх бина ву поэт Яралиев Юсуп. Тидамза дац цунна а тIаьххьарчу хенахь книга ешар массанхьа а ледара хилар.

- Тахана школе ваханера со. Ас хоьтту цхьана 9-чу классерчу дешархоче, тIаьххьара хIун киншка ешна ахь. Ца ешна ша боху, ша йоьшуш а вац. Еша еза боху ас, зорба тухуш, тексташ язъеш хIума дан а деза ахь. Хьо школера ваьлча деша ваха везаш а ву. Киншка ешаро хьан дешнийн дукхалла а совйоккху, мотт бийца а Iамаво.

Цхьана хенахь дар-кх Айдамиров Абузаран "Еха буьйсанаш" роман араяьллачул тIаьхьа, и киншка ешархьама мотт Iамийна шаьш бохуш бар-кх дукхахберш.

Цхьа дика хIума араяьлча еша ма йоьшу. Оха, яздархоша, дика язъяхьара йоьшурш алсам хир бара.

Бакъдерг аьлча, вуккху агIор диллича, мел дукха язйинехь а, интернето шегахьа дерзийна гIуллакх. Цу чохь кийчча ма ду массо а хIума.

Цхьаберш-м хIинца яздархой а хилла интернет юкъаялар бахьанаца. Курсовой санна цхьацца йоза вовшах а тухий, шаьш язйина произведени ю олий, хьоьгуш къа а доцуш, яздархо хуьлу-кх царах.

- Юсуп, забаренна элира ахь, дешархой дагчу кхочу дешнаш ца карадо яздархочунна аьлла я….?

- Ас дагна чу кхочу дош ца элира, ледара язйо элира, ахь айхьа хаздина эли-кх (воьлу). Ма дарра аьлча, ишта ду-кх и, ас ма-дарра ца аьллехь а.

Дагчу кхочуш произведенеш хилча йоьшур ма яра. Бакъдерг аьлча, язъеш хилча а, хьал ма ду хIара ишта, заманан хIума ду хIара дан, амма цхьабакъду, воккхачо дагадаийтича, цхьа киншка хастийча, йоьшур яра аьлла-м хета суна.

Вовшашна юьйцуш а, хастош а, хьажахьа, оцу тIехь и хиллера, хIара хиллера бохуш, дуьйцуш хила ма деза. Дуьйцуш ца хилча, тIе тидам ца боьду. Дийцаро ойла кхиа а йо, ладугIучун дог а доуьйту, еша а.

Вуьшта аьлча, ас забар еш аьллехь а, тIаьххьарчу хенахь, хьалха санна чу дог а диллина язъеш берш кIезиг бу, ерриг нехаш охьаIенайо, ойланаш Iенайо ша а моьттуш.

Ойланаш а охьаIанаярх тоьуш ма дац и, уьш дIанисъян а еза, шен суьрташ лаха а деза, массо а ойланна. Хьан дог доьлхуш ахь язйина хIума, и нахана дош хета. Вуьшта язъярхьама, тIехула язйинехь, хьаха а ца йо цхьаммо а, я и оьшуш а ца хуьлу.

Джемаль Гейдар бохуш цхьа бусулба стаг вара (Дала гечдойла цунна), цо элир-кх, дуьххьара дин диллинчу хенахь, динехь берш кIезиг хилла, амма и деши дара. ХIинца 2 миллиард гергга бусулбанаш бу, амма и ча ду аьлла. Бос цхьаъ бу дешин а, чан а. Цунна а дайна, дукха хьолахь Iенорийг ча ду-кх.

Хьехархо Даудов Гилани
Хьехархо Даудов Гилани

Соьлж-ГIаларчу "Дешаран Центрехь" заьIапхошна а, йисинчу хенахь школехь а ненан мотт хьоьхуш ву къамеле юкъавалийна Даудов Гилани.

- Уроке вахана, кхаа классан 80 дешархо вовшахтоьхча, цу юкъахь хьуна 2-3 бен дешархо хаалуш ца хилча, иза хьоьга лалуш хIума дац. Шен мехкан литература ца евза бохург, эхь ма ду. ЗаьIапхошца болх беш а ву со, амма царна билла бехк бац, хIунда аьлча, кхи тIех даьккхина хIума лаха аьттонаш бац церан.

Амма хала ду вукху берашца, ахь мел дIадийцарх а ца кхета уьш. Церан дайша-наноша а олу "башха оьшуш а бацара-кх и мотт", олий.

Юучуьнга санна йоьшучуьнга сатуьйсуш дац бераш тахана. Тоххара, ас доьшучу хенахь, тIеман зама а яра хьуна и, газет доьший а, ток йоцучу хенахь а, къуьда а латабой, хан хьора оха. "Дешалаш, дешча карор ду шуна" олура тхоьга тхан дас.

Ткъа тахана школе кхуьйлу бераш машенашкахь, цIа а буьгу машенкашкахь, бере хIума аьлча, берана да нана тIе а хIуьтту, иштта ду тахана.

Берашна даим а шайна да-нана лаьттар ду моьтту. шайн дола а деш, шайна тIехIуьттуш хир бу моьтту. Ткъа дайша-наноша а ца олу, "тхо гуттар а хир дац шуна, варийлаш...".

- Гилани, Яралиев Юсупа шайна, яздархошна тIеуьйзи бехк. Нагахь шаьш беран дагчу кхочучу дешнашца язъеш хилча, йоьшур яра боху киншкаш.

- Со реза вац цо бохучунна. ХIунда аьлча, яздархо ледара ву аьлла суна ца хета. Яздархочо доллу шен дахар, шена зеделларг дерриг а ма ду шен киншкашкахь охьадуьллуш. Оцу яздархочо боллу бехк берана тIе ца тетта, и бер кIелхьарадоккхуш санна аьлла хета суна.

- Делахь, бехкалара ваьккхи вай яздархо а, бухавусуьрг хьехархо а ву, дай-наной а бу…

- Хьехархочун бехк ас и ларране а ца лору. ХIунда аьлча, цунна хьалха 30 стаг ву. Уьш берриш а ладугIуш хилча, хьехархочо шен доллу хаарш оцу берашна дIакхачор дара. Оцу берашна юккъехь муха хуьлу, "схьаверза", "охьахаа", уьш сецо безаш хуьлу, тIаккха дIадийца дезаш а хуьлу царна, хьайн юьззинчу оцу 40 минотехь хьо доллучу хIуманна а ларош ца ларош ма нисло.

Ас бехк оцу дешархочунна а, цуьнан цIахь долчу дена-нанна а буьллу. Оцу берашна кхидолчу хIуманна тIехь а, тIе а хIуьттуш Iаш ма бу уьш. Дешарна тIехь а хIунда ца хуьлу уьш накъостий?!.

- Хьал хийца некъаш ган а гой хьуна?

- Жимма дайша-наноша оцу шайн берашна букъ тухуш хилча, хьал дикачу агIор хийцалур дара аьлла хета суна.

ХIан-хIа, уьш ма деза бохург дац сан иза. Боданечу новкъара и дешархо серлоне ваккха гIерта некъ дас-нанас къобал беш белахьара бохург ду.

Тхан дас дуьйцу, тоххара бер цхьанхьа деша ца тасаделча, шен нийсархойх а, юьртахойх а эхь хеташ, чу-ара ца долуш, цхьа хан хьора бохуш.

ХIинца беро экзаман дIа ца елча, да-нана юьхьIаьржа хIоьттича санна хьийза, школан куьйгалло а хьехархо бехкево, ткъа бераш шек а ца хуьлу. Царна елча а, ца елча а биэн ца хуьлу.

Нохчийн маттахь йоьшурш дукха бацахь а, муха ду-те хьал оьрсийн литература ешарца хаархьама, Веданан кIоштарчу цхьана школан хьехархочух Арсанукаева Азех а девлира тхо дага.

- Аза, юьртарчу школашкарчу берийн гергарло дуй исбаьхьаллин литератураца?

- Бераша ешарца гергарло ца леладо. Ас библиотекехь а болх бина, хIинца школехь хьехархо а ю со. Церан классехь шаьш ешначу книгехь хетарг язъян дезаш меттигаш а хуьлу, ЕГЭ экзамаен дIаяла кечам беш. Уьш ца ларабо оцу белхаца. ХIунда аьлча, цара исбаьхьаллин литература йоьшуш цахиларна. Дукха дуьйцу ас бершака, хьехар до ас, хIунда аьлча, Толстой, Достоевский, церан уггар а хаза романаш, дуьненна а евзаш йолу, и книгаш ца ешнехь, цара муха яздийр ду царех лаьцна.

-Мила хета хьуна бехке бераша книгаш цаешарна?

- Мила ву эр ду ас бехке, суна-м ца хаьа. Зама ю эр ду ас, я интернет эр ду, да-нана бехкедийр ду? Шайн аьлларг хилча, цара а йоьшуьйтур ма яра цаьрга.

- Нохчийн цхьана гоьваьллачу яздархочо, шен ян чIагIо ю боху, бераша ца ешарна хьехархойн бехк бу аьлла. Шен урок ларийта цахаарна. И книга марзъяллал цунах дийца хаарш цатоарна а…

- Бераш а тайп-тайпана ду, хьехархой а тайп-тайпана бу. ХIора берах а, хьехархочух а дала жоп дац сан. Суна ца хаьа, кхи ас мича маттахь баха деза, и книга оцу берана марзъярхьама ас дукха мотт лебина. Даим тIетеIо безаш хьулу уьш.

- Аза, ахь ма бохху даим а и бер нуьцкъаша тIетеIо дезаш хилча, куьйг а ластийна, берашна гIело ца еш, хецна битича уьш? Я Тургенев, Толстой, Достоевский а вевзаш бацахь, дахарехь шайн меттаиг карор бац оцу берашна я шайна бепиг лаха аьтто хир бац?

- Суна уьш (яздархой) бовза беза аьлла хета. ХIунда аьлча, шайн книгаш тIехь цара шайна гинарг ду яздина, даккхий маьIнаш долуш, хьуна пайда эца, масал эца.

Толстой схьаэцахь, цул а дика яздархо мила ву, мила вуста веза цуьнаца? Ас Iаламат лоруш яздархо ву иза. Вайн нохчийн къам девзаш а хилла цунна, нохчашца гергарлонаш а лелийна цо, доттагIаллаш туьйсуш, вайн меттигашкахула лелла а ву иза, вайн амалш, аматаш девзина, зийна а ву. Дукха диканиг ду цуьнан йозанашкара вайна схьаэца.

Уьш бовза беза аьлла хета суна. Уьш ца бовзахь дуьне довзийла а яц.

ТIаккха тахана, ца йоьшу аьла, и бераш тесна дита а ца лаьа суна, масала итт берана юкъахь цхьамма-шимма ешахь а, оцу шинна дагчохь литературе безам гIаттабахь а, суна и сайн толам хетар бу-кх!

Иштта воккха оптимист хиллера тхоьца дискуссехь хилла Хасаров Рамзан а. Къамел дерзош, дерриг а вуон ду аьлла ца хетийта, дайдеш санна элира цо, тIейогIучу хенахь а, берашца бечу балха тIехь шен а, шен накъостийн а кхиамаш хирг хиларх, тешам а буьтуш.

Иштта шайн балхана чу са диллина, цуьрриг болчу кхиамах а баккхийбеш хьехархой махкахь хиларо а буьту тешам...

- Библиотекаш дIаюьзна яцахь а тахана, йоьшуш долу бераш а карадо хьуна. Журналаш доьшурш а карадо. Цхьа дийцар керла довзуьйтуш со велахь урокехь, ас къада а дой, берашна марз а дой, дуьту, цIахь цаьрга кхи дIа дешийта.

Семинарашкахь республикера хьехархой вовшахкхетча хаало суна, матте берийн безам бохуьйтуш, цаьрца ас чул а дукха къахьоьгурш алсам буйла. Царан массарна а Дела реза хуьлийила. Аьтто бойла церан!

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Хьенан бехкенна хилла Нохчийчохь "Хьалхара тIом"?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG