ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш хIунда лоьху нохчаша шайна дарба?


Адамийн вовшешца зIе латтон гIирсаш алсамабовла буьйлабелчхьана, хилларш-лелларш сиха дIасадоьлху ватсапехула а, кхечу зIенашкахула а. Хьалха леррина юьртара юьрта, я гIалара стаг ваха везаш хуьлура тезет яьлча, я цхьаъ цомгуш хилча гергарчарга а, бевза-безачарга а хаам бан. ХIинца телефонехула хаийта аьтто бу массо хIума.

Къаьсттина дукха ватсапехула тахана баржош берш цамгаршна дарба муха лелон деза дуьйцу хаамаш бу. Тахана дуьненчохь тайп-тайпанчу Iилманчаша шайн лехамашкахь баккхий кхиамаш бохучу заманахь, нах шайн дайша лелийначу дарбанашка кхийда а, керла халкъан дарбанаш леха а буьйлабелла. Бецаша шений-шений дина дарба дуьйцу цхьаболчара, вукхара шайн бевза-безачарна стенах дарба хилла дуьйцу, вукхара шайна интернетехь карийна видео яржайо.

ХIунда доладелла адам ша-шена лоьралла лелон таханлерчу 21-чу бIешарахь? Немцой а, францхой а, шведаш а кхиберш а бац шаьш шайна дарба лоьхуш. ХIунда? Нохчий хIунда бу? Лоьрех цатешар ду иза, я бакъдолу дарбанаш шайх къайладаьхна, аьлла хетар ду иза, я лоьраша дечух дарба хуьлуш цахилар ду иза?

Тахана духкуш долу дукхахдолу молханаш ахчанна дуьхьа дина ду, дарбанна дина дац, аьлла хета Маршо Радиоца къамел динчу Алиева Таисина: "Ша шена, лаха а лехна, дарба динарг хан ях а елла ваьхна меттигаш хааелла суна дуккха а. Со жима йолуш дуьйна схьа сайн цомгуш нана лелийна а, цунна операци еш уллохь хилла а, дарбанаш дечу хенахь уллохь хилла а, цунна дарба ца хиллийла кхетта а ю.

Соьга хаьттича, вай дIасатуьйсуш, бала болуш, тIегIерташ долу дарбанаш тIаьхьалонна беркате хуьлу. Лоьрийн и молханаш а, цхьадолу хIуманаш а ахчанна дуьхьа, шайн рицкъа совдаккха нах Iехон лелош хIума долуш санна а хета суна, сайна гарехь. Дала арахь хьалайолуьйту буц, бецан дарба цIена а хета суна, молханаша санна кийра бех а ца беш."

ХIораннан лоьран дарбане болу хьежам шена дахарех Iоттаделлачуьнга хьаьжжина бу. Къаьсттина Нохчийчуьра лоьрех Iиттабелларш хуьлу лоьрийн дарбанех цатешарш. "Анализаш дIаоьцург бен яцахь а, нахе кIоршаме бистхуьлу уьш", - олу Нохчийчохь дарбанцIийнехь хиллачу наха.

Вай ала ца гIерта Нохчийчохь дика лоьраш банне а бац. Нохчийчохь ву доллучу дуьненахь шен дика цIе яккхийтина волу лор Баиев Хьасан а. Массо а шена тIекхача гIерташ хуьлу Нохчийчохь дика лор, цуьнан цIе гIара а йолу районехь а, махкахь а. Амма эзарнашкахь болчу нахана дарба дан лара ца во кIеззигчарах верг.

Лоьраш шен хеннахь тIекхачар бахьана долуш, яккхий тIаьхьалонаш ца хуьлуш кIелхьараваьлла Францехь вехаш волчу Бахаев Iисан 20 шо кхаьчна волу кIант.

Цкъа а цомгуш хилла воцу, могуш-маьрша волу цуьнан кIант Iуьйрана сама ца волуш саийзон волавелла. Меттахвийхарх, цо кхин ши бIаьрг схьа ца биллича, сихха лоьраш кхайкхина цо. Лоьраш 8 минотехь тIекхаьчна. Уьш тIекхаьчначу хенахь дог сецна хилла жимчу стеган. Цара тоькаца доладалийтина кIентан дог.

Хиллачух дуьйцу Бахаев Iисас: "Со Францехь Iаш ву. Кхузахь болу лоьраш дика лоьраш бу, дарбанцIийне вахча хьоьга дика а хьовсу. Цера хьоьца йолчу юкъаметтиго а лазар дайдо.

ЦIера схьабаьхкинчарна къаьсттина билгалдаьлла хуьлу и, цец а бовлий хуьлу уьш. Сан сайн а, цхьа шо хьалха, цкъа а цомгуш хилла а воцучу кIентан дог сецнера. Орцан лоьраш нийсса 8 минотехь тIекхечира цунна. Хьалхара Дела а, шолгIа лоьраш а бахьна долуш дийна висира иза. Уьш шайн хеннахь схьа ца кхаьчнехь, хIун хир дара а ца хаьа.

Реанимацехь шина-кхаа дийнахь кхетамчохь воцуш комехь Iиллира и. Иза меттавеъча, лоьраш цунна боьлуш, иза хьоьстуш гонах бирзина бара шаберриш. Цхьа чIогIа бIаьрг буьзира сан хIокхарах, шаьш хила ма-беззара лоьраш бу-кх хIорш, аьлла. Со иза вуй, со важа вуй, бохуш цхьанна тайпа кураллаш а яц хIокхеран нахаца."

Цомгуш хир вац, аьлла шех дала жоп долуш цхьа а стаг вац. Массарна а лаьа дикачу лоьрашна тIекхача. Къаьсттина доккха собар оьшу доьзалера стаг цомгушхилча цуьнан бIаьрахьежа везачунна.

XS
SM
MD
LG