ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:05:14 0:00
Линкана тIе

Европехь кхиина долу шайн зудбераш харцахьа ца лелийта цIа а дуьгий, цигахь цаьрца шогачу кепара кхетамкхиоран болх бо нохчийн дай -наноша бохург бакъ ца до Австрерчу вайнаха.

Мелхо а, хIинца санна шайн лаамехь маре дан а, маренах йоха а маршо цкъа а хиллий-те аьлла ду хьал бохуш, дийцира Маршо Радиоца зIене бевллачу зударша.

Цу зударех цхьаццаберш тайп-тайпанчу австрихойн институцешкахь социалан белхахой бу. И бохург ду, цу махкахь нохчийн диаспорехь долу хьал дика девзаш а, нохчийн зударшца а, мехкаршца а белхаш беш бу уьш.

Евзаш йолчу адамийн бакъонашларъярхочо Ганнушкина Светланас "Коммерсант" сайтана еллачу интервьюхь цо дийцира, тIаьхьарчу хенахь цхьа могIа нохчийн къоначу мехкарша орца дехна шайга, шайн дас-нанас Европера Iехорца Нохчийчу а буьгий, цигахь нуьцкъала маре дIалой я цIахь чу-ара ца йолуьйтуш, набахтехь санна латтабеш бу шаьш, аьлла. Ишттачех тоьшаллашца дийца диъ масала ду шен елира адамийн бакъонашларъярхочо.

Дуккхаъчу шерашкахь Нохчийчоьнца дуьзна гIуллакхаш луьстуш а, бIеннаша нохчийн къомахчу нахана тайп-тайпанчу хьелашкахь орцах яьлла а йолчу Ганнушкинан дешнаш харц дан а ца гIерташ, амма делахь а итт шарахь сов нохчийн диаспорехь болх беш йолчу шен практикехь зеделла дац шена цхьа а йоI цуьнан лаамаза Австрера Нохчийчу дIа а йигина, цигахь йийсарехь латтош ю бохуш дийцира социалан белхахочо Тимирбулатова Айзана: "Сан балха тIехь тайп-тайпана хIума нисло. Зудберийн дешарна тIе ойла ца йоьдуш а, уьш интернет чохь дукха Iаш а хьелаш нисделла. Ас а бина цаьрца болх, сан коллегаш а бина. Амма и санна долу хIума ца нисделла.

Хьалхалера хенаш ма яц хIинца, хIинца зудберашна гIо деш, царна консультацеш еш а дукха меттигаш бу кхузахь. Аьр вай, гергарчара шайн сий ца дайъита шайн доьзалера йоI йийна меттиг кху Европехь нохчашна юккъехь цхьа а хилла яц. Кхурдоша дина а нисло, туркоша дина а нисло, амма нохчаша дина иза нисделла дац. Хиллехь вуно шуьйра гIардаьлла а хир дара иза".

Дукха нах а бевза шена Австрехь а, Венехь а, амма и санна долу хIума дуьйцуш а ца хезна шена элира Сугаипова Дагманс: «Со кхузахь Iаш йолу 11 шо ду, цу 11 шарахь суна хезна хIума дац иза.

ХIунда аьлча, доьзал кхиочу дас-нанас царна дола деш ду. Ишттаниг нисделча, иза гIар ца долуш дуьсур дацара, хIунда аьлча, Нохчийчоь жима ю, массо а аьлча санна вовшашна вевзаш ву".

Бакъду, Тимирбулатовас хьахийра, Европехь кхиинчу цхьаццаболчу нохчийн кхиазхошна божабершана юккъехь нисло наг-наггахь шаьш нохчийн мехкарийн сий лардо моьттуш, доьду-догIучу шайн къомахчу зудабере, хьо мича йоьдий, ахь хIун лелдой бохуш, царна шаьш дола до кеп лелон гIертар: "ТIаьхьарчу хенахь кхузахь гучубевлла цхьа кегий нах бу, шаьш нохчийн зудбераш лортIе дахкон арадевлла ду бохуш. Цара "лортIе дахкош" долу зудбераш муьлш хуьлу?

Эцца ишколера йогIуш-йоьдуш шеца доьшаш йолчу овхIанхойн йоIаца иза а йолуш, цаьрца цу овхIанхочун ваша нислойла я цхьа кхин гергар стаг улле веана гахь, тIаккха царна и нохчийн йоI телхана а хета, цара цуьнга цхьаццца дуьйцу, хьуна эхь ца хетий, хьо нохчи яций, бохуш. Цунах доккха дийцар а хуьлу. ДIателлича, схьалаца бух я тIам болуш хIума а ца хуьлу цигахь".

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG