ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Iедалхошна ца тайна шайна Iамерко санкцеш тохар


Цкъа а ца хиллачу кепара ситуаци ю аьлла Кремло Iамеркан финансийн министралло "Кремлан тептар" зорбане даккхар. "Документ теллинчул тIаьхьа, хетарехь, цхьа жамIаш дан мегар ду, - аьлла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. Цо бахарехь, биэн дац цунна, ша оцу тептаре язвар, амма, Песковна хетарехь, де-факто диллича, тептарера и нах "Iамеркан мостагIий лерина" бу.

Оьрсийчоьнан элита меттахъяккха гIертар ду и аьлла Федерацин Кхеташонехь

"Кремлан тептарехь" хила хьакъ вара ша, ткъа цу документо "Мила мила ву оьрсийн политикехь" киншка дагаяийти шена аьлла Iедалан коьртехь болчех волчу Дворкович Аркадийс.

"Кхера а бина, шаьш бохург дайтар" санна лерина "Кремлан артикл" Рогозин Дмитрийс.

Трутнев Юрийс ша чIогIа дегабаам бийр бара аьлла., нагахь ша оцу тептаре ца ваьккхинехь.

Пачхьалкхан Думан спикерна Володин Вячеславна хетарехь, "Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхначу керлачу санкцеша къи тIе а чIагIбийр бу юкъараллехь барт".

Москохан мэро тамашен хир дара, нагахь шахьаран куьйгалхочун цIе цу юкъахь ца хиллехь аьлла.

Твиттерерчу шен агIон тIехь оппозиционера Навальный Алексейс яздина: "Тхуна кхаъ хилла Iамеркан финансийн министралло шен тептаре баьхна хьаькамаш официалехь дуьненаюкъахь а къуй, курхалчаш хилар дIакхайкхор", - аьлла.

Навальныйна хетарехь, оцу тептаре баха беза "Роснанон" куьйгалхо Чубайс Анатолий а, харжамийн комиссин урхалхо Памфилова Элла а, Централан банкан куьйгалхо Набиуллина Эльвира а.

Маршо Радионо хьалхо хааме даьккхира, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло зорбане даккхарх Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимимран гуонерчу нахана санкцеш дуьхьал яха кечбинчийн "Кремлан артикл" аьлла тептар.

Оцу документа юкъа вахийтина верриг а 210 стаг. Iедалан урхаллера нах а, Путинан администрацера белхахой а, кхиболу лаккхарчу даржашкара политикан лидерш а, олигархаш а бу оцу тептарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG