ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: Суна новкъадеана сан цIе "Кремлан тептарехь" цахиларна


Вашингтоно нахаладаьккхина "Кремлан тептар" – хьогIе акт ду, цо оьрсийн-Iамеркан юкъаметтигаш чолхечу хьоле ерзо тарло, вуьшта а, дуьненаюкъарчу пачхьалкхашца йолчу юкъаметтигашна а зен дан мега аьлла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, шен тешамечу нахаца хиллачу цхьанакхетарехь. Шена гина дац ша тептар, амма цу юкъахь шен цIе цахилар новкъадеана шена аьлла Путина кавказхойн акцентехь. Iамеркана жоп дала карарчу хенахь цхьана а кепара Iалашонаш яц шайн боху президенто.

Хьекъал доцуш хIума ду Оьрсийчоь ГIажарийчоьнца а, Къилба Корейца а цхьана могIаре хIоттор а, оцу юккъехула Корейн ахгIайритIера конфликт ерзорехь юкъархо хилахьара бохуш, Москохе дехар дар а аьлла Путина.

Оьрсийчоьнан лидеро Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташца юкъаметтигаш тоян лууш ву ша, цундела бекхам бан гIертар вац ша аьлла.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло зорбане даьккхина Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимимран гуонерчу нахана санкцеш дуьхьал яха кечбинчийн "Кремлан артикл" аьлла тептар.

Оцу документа юкъа вахийтина верриг а 210 стаг. Iедалан урхаллера нах а, Путинан администрацера белхахой а, кхиболу лаккхарчу даржашкара политикан лидерш а, олигархаш а бу оцу тептарехь.

XS
SM
MD
LG