ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнказахь вийначу Мачаликашвилин гергарнаш прокурорца цхьанакхетар бу


ПIаьнказехь спецопераци дIахьочу хенахь лен чов хиллачу Мачаликашвили Темирланан гергарнаш шина дийнахь ойла йинчул тIаьхьа реза хилла Тбилисехь Гуьржийчоьнан коьртачу прокурорца цхьанакхета. Журналисташка и хаам бина Мачаликашвили Малхаза.

Цо бахарехь, уьш цхьанакхета реза хилла меттигерчу бахархошца а, чIожан къаношца дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа. ПIераскандийнахь Мачаликашвили Малхаз шен хIусамненаца а, вешица а, кIантаца а Тбилисе воьдуш ву. Коьрта прокурор волчахь хиндолчу вовшакхетарехь хир бу доьзалан адвокаташ а.

"Юьхьанца оха ладугIур ду, мича этапехь ду гIуллакх таллар, хIунда тилабелла хилла операци дIахьочу меттигах. Ас тIедожийна прокуратурана бакъ таллам дIабахьар а, Темирлан бехкецахилар тIечIагIдар а. Иштта ас тIедожор ду бехкенаш жоьпе озор а", - аьлла, дIахьедина Мачаликашвилис.

КIира хьалха дехнера ПIаьнказарчу бахархоша коьртачу прокурорца шаьш цхьанакхетийта аьлла. Бахархоша ПIаьнказа вар тIедиллинера Шотадзе Ираклийна, амма иза кIентан гергарчарна бен дуьхаьлхIотта реза ца хилира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG